Дегӏас танарчу бусалба наха ӏаламат дукха а, боккха а болх бора шайн халкъаш бусалба динехь, ийманехь кхетаме кхиош. Цигахь бусалба динан лаккхара ӏилма ӏамо хьуьжарш а, цигахь хьеха кӏорггера ӏилма хуу ӏеламнах а бара. Цара шайн къаьмнийн меттанашкахь жайнаш йаздора, бусалба адамийн коьрта декхарш а, шариӏат а нахана довзуьйтуш. Ӏаьрбийн маттахь а, ӏаьрбийн графикин буха тӏехь кхоьллинчу абатца шайн меттанашкахь а уьш зорба тухуш Шура-гӏалахь типографи а йара церан. Цул совнаха, цара шариӏатца нийса догӏу шайн ӏадаташ йукъа а далош, хӏора тукхумана ӏадаташ а кхоьллинера, оцу тукхумех болчу наха кхочушдан а дезаш, уьш талхийначунна таӏзар а деш.
Дегӏастанарчу ӏеламнаха шайн йартийн а, тукхумийн а истори йазйора. Хӏора йуьртахь тептарш дара, шайн йуьртахь хилларш а, лелларш а дӏайаздеш, тӏекхуьучу тӏаьхьенашка дӏалуш, лерина ӏалашдеш. Муьлххачу а йуьртарчу бахархошна хаьара и шайн йурт кхоллаелчахьана дуьйна цигахь хилларш дерриш а.
Уьш цхьа а дацара нохчашлахь. Ӏаьрбийн мотт а, йоза-дешар а хууш стаг воцуш дуккха а йарташ йара. Ӏаьрбийн йозанца, ӏаьрбийн маттахь йаздинчу Къуръано а, жайнаша а дуьйцург ца хаьара нахана. Ткъа бусалба динан ӏилманах йуьхьанцара хаарш бен доцчу нохчийн молланашна царах нах нийса кхето а ца хаьара. Нохчийн матте гочдина Къуръан а, жайнаш а дацара. Нохчийн истори йозанца йазйина, тӏаьхьенна йита ӏеламнах а бацара. Хилларш, барта дуьйцуш, тӏаьхьенга дӏалора, амма хенан йохалла халкъо уьш цхьадерш дицдора, цхьадерш тӏера эшош, йа шайггара кхуллий, тӏедетташ, йуьхьанцарчу бакъдолчух дохош, туьйране дерзадора.
Хӏокху тӏаьхьарчу бӏешерашкахь нохчийн къомана хиллачу бохамийн коьртачу бахьанех цхьаъ – иза, йа бусалба динан а, йа дуьненан а ӏилманаш ца хууш, кхетамна тӏаьхьадисар дара.
Россица тӏом сецначул тӏаьхьа даьллачу шовзткъа шарахь бусалба динан а, дуьненан а ӏилманаш ӏаморехь хьалхара гӏулчаш йехира нохчаша. Кхузткъалгӏачу шерийн йуьххьехь оьрсийн йозанан графикин буха тӏехь нохчийн абат а кхоьллина, нохчийн берашна цхьа ишкол йиллира масех стага, амма ӏедало гӏо а ца лаьцна, цхьана баттахь болх бинчул тӏаьхьа дӏакъевлира иза.