Сценин цхьана агӏор йуьстах хӏоттийнчу трибуне хьала а буьйлуш, къамелаш дора хьолахоша. Нефтан промыслийн фирманийн долахошна тӏера къамел дира цхьаммо. Тӏаккха рогӏехь хьалабуьйлура дохнан, жан, говрийн реманийн долахой. Совдегарш, коммерчески банкийн долахой. Оьрсий, эрмалой, гӏалагӏазкхий, хӏирий, гӏебартой.
Нохчийн хьолахойх цхьа а вацара гуламехь дакъалоцуш. Ширчу-Юьртарчу Мурзабековгӏар, Эльмурзаевгӏар, Майртуьпара Бимурзайевгӏар, Муртазовгӏар, Закаевгӏар, Кен-Юьртара Мустапаевгӏар, ӏоди-Юьртара ӏодуевгӏар, хьолана гӏарабевлла совдегарш Мациевгӏар, цӏеран хьерийн дай Башировгӏар, кхин дуккха а. Уьш кхуза ца кхайкхинера а, хаацара, йа, кхайкхинехь а, шайн махкахойх кхерабелла, ца баьхкинера а, хаацара, йа, кхузахь къамелаш нохчашний, гӏалгӏашний дуьхьал хир дуйла хууш, хӏокху тобанан декъашхой хила ца лиъна ца баьхкинера а, хаацара.
Къамелахоша, цхьаболчара багара цинцаш а детташ, цӏогӏане маьхьарий а хьоькхуш, неӏалт кхайкхадора нохчашна а, гӏалгӏашна а, уьш зударшца, берашца, къеначаьрца, хӏу дойуш, лаххьийна хӏаллакбина, хӏокху дуьненара дӏабахаре кхойкхура. Кхечара, сих ца луш, собаре дагардора цара хӏокху тӏаьххьарчу ах бӏе шарахь Россина а, кхузахь бехачу оьрсашна а дина зуламаш. Къоланаш, талораш. Адамаш лечкъор, дайар. Дийна доллуш адамаш йа церан декъий дагор. Областехь дӏа мел дина зулам нохчашна а, гӏалгӏашна а коча дохуьйтуш. Ткъа оцу талорхойн гӏеранаш цхьана нохчийн а, гӏалгӏайн а хилла ца ӏара. И гӏеранаш йара гӏалагӏазкхийн а, хӏирийн а, гӏебартойн а, гӏалмакхойн а, дегӏастанхойн а. Шаьш-шаьш къаьстина а, массо а къаьмнех зуламхой цхьаьнакхетта а. Делахь а бехке бийриш нохчий а, гӏалгӏай а бара. И зуламхой царна йукъахь алсам хиларна а, и ши халкъ шайна бӏаьрга ган цадезарна а.
Амма къамелахойх цхьаммо а дош ца олура нохчийн халкъерчу бохамечу хьолах. И цхьаболу нохчий оцу зуламашна тӏетоьттучу бахьанех лаьцна. Гӏалагӏазкхийн хьолахоша ца дуьйцура кхузара ткъе ши станица нохчашкара дӏабаьккхинчу ах миллион десятина уггар тоьллачу махка тӏехь йиллина хилар.