Цигара дӏалаьхкина нохчий тӏулган лаьмнашкахь, уьшалечу хьаннашкахь, шайн доларчу лаьттан коржамашна тӏера даьллачу йалтех доьзалш ӏаьнах баха а таро йоцуш, мацалла хьоьгуш хилар. Ца дуьйцура ӏедало а, шаьш а оцу халкъана тӏехь латточу ӏазапах, къизаллех, харцонех лаьцна. Импери чохь дехачу къаьмнашлахь уггар дукха цамгарш, баларш хуьлуш дерг нохчийн халкъ хилар. Цуьнан махкахь берашна деша цхьа а ишкол, йа цомгашчарна дарба лело цхьа а больница цахилар. Бархӏитта бер долчу доьзалехь ӏаьнан заманахь массеран а йукъара цхьа мачаш а, тӏехула йуху йовха цхьа бедар а бен цахилар.
Нохчийн мехкан уггар коьрта, хьоле хазна мехкадаьтта дара. Амма оцу мехкадаьттанан цхьа тӏадам а нохчийн халкъана кхочуш бацара. Цуьнан дай бара оьрсий, эрмалой, англичанаш, французаш, бельгийцаш, немцой. Оцу хьолахойн гӏеранна йуккъехь нохчийн цхьа доьзал бен бацара. Оьрсийн паччахьашна доггах гӏуллакх динчу инарла Чермоевн доьзал.
Ткъа оцу гӏеранна и мехкадаьтта доккхуш уггар хала белхаш бийраш нохчий бара. Цара гӏунаш охкура белашца, зӏокбергашца. Гӏу кӏаргйелча, машшех дихкинчу чийлакаш чохь латта хьала а дохуш. Газах ларбала йуьхьах дуткъачу эчиган мӏаьжгаш а йухкий. Мӏаьжгах тесначу резинкин шланга чухула гӏун кӏоргехь болхбечунна хӏаваъ лора лакха тӏехь левси кховсучо. Хӏокху тӏаьхьарчу шерашкахь мехкадаьтта доккхуш, цӏеран ницкъаца болх беш, техника йукъайаьллера, амма дукхахболу болх куьйгийн ницкъаца бора. И хала белхаш беш болу нохчий хеназа цамгарша кӏелбуьтура, къанбора, заьӏап бора, хеназа кхалхарна тӏебуьгура. Оьрсийн белхалойн хьелаш а дацара атта. Шийтта-дейтта сохьтехь болх бора цара. Амма нохчийн белхан де церачул деха, ткъа алапа мосазза а лахара дара. Промыслашкахь а, гӏалахь а белхаш беш кӏезиг бара нохчий. Кхузахь белхаш бан говзаллаш а йацара церан, цул совнаха, гӏалахь балха а ца оьцура уьш, кхузахь баха ховша бакъо а ца лора.
Шайн дайшкара паччахьан ӏедало гӏалагӏазкхашна а, гӏебартойн, чергазойн, гӏумкийн элашна а дӏаделлачу латтанаш тӏехь йолах болх беш болу эзарнаш нохчий а ца хьехабора.