Хӏокху махкахь доьзалшна сискал йаккха болх боцуш, ги пӏаьлдигаш а тийсина, Буритӏахула, Бакохула, Тифлисехула, Харковхула, Батумехула, Ростовхула, Москохула, Петарбухе кхаччалц меца, берзина буьйлабелла лела эзарнаш нохчий а ца хьехабора. Уьш а, кхин дуккха а шайн а, ӏедалан а бехкенна кхолладелла зуламаш а, халкъера бохам а, баланаш а ца хьехабора хӏокху гуламехь къамелахоша, ткъа шаьш бӏарздинчу, собар кхачийнчу декъазчу халкъо гӏийла йен дуьхьало хьаша, иза къардан, цунна къиза таӏзар дан бахьанаш а, некъаш а лоьхура.
Гуламан дакъалацархошна цхьатера ца хуьлура нохчашкахьара зенаш-зуламаш. Нийсса аьлча, мехкадаьттанан промыслийн, заводийн, фабрикийн дайшна, цхьа наггахь кассашкара ахча дахьар бен, кхин сингаттам ца болура нохчашкара. Оцу хьолахошна зенаш дийриш оьрсийн белхалой бара. Масех дийнахь, масех кӏиранах, ткъа цкъацкъа масех баттахь а забастовкаш, стачкаш йеш, болх сецабора цара. Царал тӏаьхьа мелла а зенаш хуьлура туьканийн, банкийн дайшна а, пачхьалкхан почтана а. Нохчашкахьара къаьсттана баккхий бохамаш хуьлурш гӏалагӏазкхийн бахархой а, совдегарш а бара. Цундела хӏокху гуламехь къамелаш дан трибуни тӏе хьалабуьйлурш гӏалагӏазкхий хуьлура.
Рогӏехь трибуне хьалавелира лекхачу, зоьрталчу дегӏара, хьаьжан ах дӏалоцуш йеха кӏужалш хьийзина никӏапа а, дукъ сеттина стомма мара а, цунна кӏел хьаьрса даккхий мекхаш а, йеха йеакӏов чӏениг а йолуш гӏалагӏазкхи. Ша Кахановски станицан атаман ву аьлла, вовзийтира цо.
– Революцин ун даьржинчу шерашкахь шуна масех миллион соьмана зенаш хиллийла, хаьа суна, – долийра цо гӏоргӏачу озаца. – Господин Ахвердовс хоьтту, и шайна хилла зенаш хьан меттахӏиттор ду, бохуш. Тхан, гӏалагӏазкхийн, дог лозу и зенаш хиллачу шух. Амма, Далла бу хастам, гӏалагӏазкхашна хиллачу а, хуьлуш долчу а зенашца дуьстича, и шуна хилларг хӏумма а доцург ду. Шун мехкадаьттан промыслийн, заводийн, фабрикийн гӏишлош а, белхан гӏирсаш а ларбелла. Кхерам герга гӏоьртича, аш хьалххе кӏелхьардаьккхина шайн ахча а, механа деза мел дерг а.