Лекхочу дегӏахь, зоьртала. Шуьйра, охьахьаькхна белшаш. Хьакхийчух тера морса, ирахӏиттина ӏаьржа месаш. Готта хьаж, мера тӏехула вовшех хоттаделла бурсане, морса цӏоцкъамаш. Гӏеххьа воьда, шуьйра, йаккхий мераӏуьргаш йолуш, азиатийчух тера мара. Стаммий балдаш, мукадехкачух тера ира, кегий, ӏаьржа цергаш. Деха пхьаьрсаш, пӏелгаш тӏехь хьийзина ӏаьржа чоьш долу даккхий куьйгаш. Амма доллучул а тамашийна дара къорза, кегий, горга бӏаьргаш. Наггахь бен бӏаьрнегӏар ца тухуш, лаьхьанан санна, хӏиттина. Хьастаме, йишхаьлла аз.
Цуьнан аматашка бӏаьрг тоьхча, масех амал гора оцу стагаца. Аьрта хьекъал, экханан майралла, къизалла, мекаралла, сутаралла. Чан, берзан, цхьогалан, зуд-жӏаьлин, лаьхьанан амалех кӏез-кӏезиг йара оцу шовзткъа шарал хьалаваьллачу стеган дегӏаца.
Атаманна реза хилла инарла, ши куьг вовшах а хьакхийна, месала-хьаьрсачу мекхашна бай хьажо пӏелг а хьаькхна, халла хаалуш велакъежира:
– Хӏета, атаман, ас дахдеш цадийцарх, хьуна хаьа кхузара криминальни хьал. Хьан а, отрядан а декхарш лерринчу инструкци тӏехь оха йаздинехь а, хьоьца хьайцца къамел дан лиъна суна. Уггар хьалха хьо кхеташ хила веза отрядана хьалха лаьттарш державина ӏаламат доккхачу маьӏне декхарш хиларх. И декхарш аш кхиамца кхочушдарх доьзна хир ду хӏокху областехь а, Къилбаседа Кавказехь-м хьовха, йерриг а Кавказехь а машар, синтем хилар. Зуламийн хьостанаш Ведана, Соьлжа-Гӏала, Несара, Хаси-Юьрта округашкахь ду, ткъа зуламхойн бен – Ведана-округехь. Цигара дӏа йерриг а Кавказе даьржина и ӏаьржа ун. И зуламаш орамашца бухдахарца тӏаьххьара а, гуттаренна а совцор, зӏийдиг таса хӏу цадитар – и ӏалашо йу хьуна а, хьан отрядана а хьалха хӏоттийнарг. Уггар коьрта ӏалашо йу оцу зуламхойн корта атар – Зеламха а, цуьнан обаргийн гӏера а, царна гӏодийриш а, уьш тӏелоьцурш а, къайлабохурш а, цхьаъ ца вуьтуш, байъина, лецна дӏабахар.
– Хьан локхалла, отрядан ницкъаца кхочушдалур дуй-те и ӏаламат доккхачу маьӏне а, жоьпалле а декхар?..
Михеевс, шен карара къолам стоьлах а тоьхна, йукъахваьккхира атаман: