– Цуьнан ойла а йина оха. Хьан куьйгалли кӏел дало областера дерриг а эскарийн дакъош а, округийн начальникаш, отделийн атаманаш, участкийн пурстопаш, станицийн атаманаш а. Хьайна эшначохь соьгара бакъо, пурба ца хоьттуш, рота, батальон, полк, бригада а, артиллерин батареяш а дӏайига бакъо йу хьуна. Меттигашкарчу администрацешна тӏедиллина хьан отрядана транспорт, кхача, говрашна докъар, хӏоъ латтор. Цундела хьайна тӏедехкина декхарш кхочуш ца дан, ницкъаш бацара аьлла, йа кхин бахьанаш далийна, бехкана кӏелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна. Хӏинца, шун бакъонех дерг аьлча, хьуна оха ло законехь нийса йогӏу йерриг а бакъонаш. Шуна бакъо ло лакхахь цӏераш йаьхначу йеа округерчу туземни бахархошкара герз дӏадаккха ӏедалан балхахь болуш герз лело ӏедало бакъо йелла боцчу берриг а бахархошкара. Цӏийнах хьовсуш а, некъахошкара а. Ира герз дита мегар ду ӏедална хьалха цкъа а бехке ца хиллачу, ӏедална тешаме болчу нахехь. Шаьш операци йолайале дӏахаийта оцу деношкахь йуьртара арадовлар царна дихкина хилар, разбойникаш къайлабаьхначунна, уьш схьабала, герз схьадала, шайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна, вада, къайлавала гӏоьртинчунна шаьш герз тӏетухург хилар. Ткъа цхьаболчарна, церан бехке хьаьжжина, гӏуданца, долалла дӏадаккхарца, набахти чубохкарца, Сибрех бахийтарца таӏзарш дийриг хилар. Йукъара аьлча, ахьа а, отрядийн эпсарша а дӏа мел боккху ког, олу дош, цкъа хьалха дика ойла йина, гӏалатех ларлуш, бехкечарна деш долу таӏзар законаца догӏуш хила деза. Амма бахархоша ӏедало, законо бохург дан дуьхьало йахь, царна къинхетамза, луьра таӏзар дан бакъо йу шуна. Отрядийн командираш оха билгалбина, амма цаьрца хӏоранца ахь къамел дина, хьо резахиллачул тӏаьхьа бен уьш чӏагӏбеш омра арадоккхур дац. Отрядашка тӏеоьцу нах а массо а агӏор теллина, вайн гӏуллакхна жоп луш хила беза. Уьш къастор а, тӏеэцар а хьуна а, отрядийн командирашна а тӏедуьллу. Царах жоп а шуьга доьхур ду. Инструкци сан гӏоьнчера схьаэца. Хаттарш дуй хьан?
– Дац, хьан локхалла.
– Хӏета, Дала аьтто бойла хӏара вайн гӏуллакх чекхдаккха!