Гуьмсена уллохула чекхболу Соьлжа-Гӏалара схьа Хаси-Юьртахула Петровске боьду аьчганекъ а. Кхузара аьчганекъан станци хӏокху Къилбаседа Кавказерчу уггар йаккхийчарех цхьаъ йу.
Гуьмсе йуьртах хоттаелла, ала мегаш ду, станци а, цунна гонахара оьрсийн слобода а. Цигахь бехаш бу аьчганекъан белхалой а, гӏалагӏазкхий а, муьжгий а. Кхузара дӏа гена йац гӏалагӏазкхийн станицаш – Кахановски, Петропавловск, ӏаьмар-Хьаьжин-юрт, Джалкински, Червлени. Ткъа кхузара дӏа ткъех чаккхарма хиллал бен гена доцчу Теркал дехьа – Щедрински, Шелковски, Гребенски станицаш.
Пхи бӏе гергга цӏа, йа нохчаша олуш ма-хиллара, пхи бӏе гергга кӏур болу хӏара Гуьмсе, йа диканна а, йа вонна а цӏе ца йоккхуш, бӏешерашкахь историна йуьстах лаьттинера. Хьалха тӏеман заманахь а, йерриг а нохчийн йарташ йохош, йагош, кхузарчу бахархойн хьекъал кхаьчнера тӏом бечу шиний агӏонца машаре барт бан а, шайн йурт бохамех, зенех-зуламех ларйан а.
Гуьмсена уллохула Бӏон-некъ а биллича, уллохь гӏалагӏазкхийн станицаш а йехкича, ткъа уггар коьрта – аьчганекъан станци а йиллича, историна йукъайахара и йурт. Тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа йаккхий базарш схьайиллинера Шелахь а, Веданахь а, Курчалойн-Эвлахь а, Шуьйтахь а, Девкар-Эвлахь а, шина а Мартантӏехь а. Хӏинца царна тӏе схьайиллинера Гуьмсера базар а. Нийсса аьлча, хӏара аьчганекъан станцина а, гӏалагӏазкхийн станицашна а уллохь а, Дегӏастанан дозанна гергахь а хиларна, кхузахь базар йоккха а, тайп-тайпана товараш долуш а хуьлура. Шаьш дина кузаш дохка тӏехьамартанхой богӏура кхуза, тӏергӏан маша а, цунах йина бедарш а йохка – веданхой, кхийра пхьегӏаш йохьуш – шелахой, шаӏмийуьртахой, девкарэвлахой. Хьаьжкӏаш, кӏа, борц бохка массо а йарташкара нохчий а.
Гӏалагӏазкхаша хорбазаш, пастанаш, гӏабакхаш, кхиболу хасстоьмаш а, накхарийн моз а, чагӏар а дохьура кхуза дохка.
Цхьана заманахь накхарш лелош гӏарайаьлла хиллера Нохчийчоь. Амма иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тӏамо хьаннаш, бошмаш хӏаллакйича, накхарш лелор дӏадаьллера. Бошмаш кхиор а лахделлера. Лаьттан къелла хиларна, хасстоьмаш кхиор а кӏезиг дара. Тӏе, царна алсам хи а оьшура.