Цундела базарахь хасстоьмаш, моз духкуш нохчо кӏезиг гора. Цара коьрта совдегаралла лелориг йалта дара, ткъа коьртачу декъана – хьаьжкӏаш. Нохчашкара йалта эца богӏура Россера а, Азербайджанера а, Иранера а совдегарш, йалтина къелла йолу дегӏастанхой а. Кхузахь нохчашкара боррахчу мехах дӏаоьцура, кхечухьа безчу мехах дӏадухкура. Гуьмсехь станци йиллича, арахьара совдегарш кхузарчу базара марзбелира. Кхузахь маситтаннан шайн-шайн йалта ӏалашдеш амбараш йара. Иза дуккха а ӏаьӏча, цӏерпоштица Россе, Азербайджане, Иране дӏахьора.
Хӏара де йоькхане, довха нисделла, тахана дукха адамаш гулделлера базара. Беха могӏанаш беш охьаехкина баккхалш йара. Кузаш, истангаш, чоэш, башлакхаш, холхазан а, кхакханан а куйнаш, гӏовталш, кхечу могӏарехь – готанаш, нахарш, ворданан чкъургаш, шаннаш, текхаш, ӏайгаш, кхийра пхьегӏаш. Шен базар йара мангалш, маьрсаш, дагарш, белаш, шаданаш, кхиерш а йухкуш. Цхьана маьӏӏехь цӏестан кӏудалш, гӏумгӏанаш, кхийра пхьегӏаш йухкуш дегӏастанхой лаьттара. Къаьсттана йуьстах йара дохнан а, гӏалагӏазкхийн хасстоьмийн а базарш. Кхузахь гора чоэш, гӏовталш йуьйхина, месала куйнаш а коьртахь нохчий а, духарца царал дукха башхалла йоцу гӏалагӏазкхий а, белхан хормин духарца аьчганекъан белхалой а, муьжгий а, нохчийн, оьрсийн зударий а. Кхузахь хезара масех маттахь къамелаш, амма цхьана а къоман а боцуш, ийна, массеран а йукъара шатайпа базаран мотт а.
Малх лаккха баьлла, базар йуьззина дӏахӏоьттича, маьхьарий девлира адамийн. Хилларг хӏун ду ца хууш цецбевлла, вовшашка хеттарш деш лаьттара базарна йуккъернаш.
– Зеламха!
– Обаргаш!
Шайн баккхалш дӏа а хьерчош, галеш чу а теӏош, ги йетташ цхьаберш а, говраш гӏудалкхашна йужуш кхиберш а, базарара дӏаида буьйлира оьрсий. Ткъа нохчий, уьш обаргаш белахь, шайна кхерам боцийла хууш, шайн баккхалш йаржийна лаьттара.
Масех минот йалале хийцаделира хьал. Шодмаш а лестош, базара йукъалилхира хорунжин Яицкийн гӏалагӏазкхий. Царна тӏаьххье, тоьпийн цхьамзанаш хьалха а лаьцна, базара йукъабаьржира Ширвански полкан салтий. Дукха хан йалале говрахь базара йуккъехь гучувелира операцин куьйгалхо штабс-капитан Ардабьевский.