Обла стан начальникана кхерамаш тийсира цо, набахтера шен доьзал марша ца баккхахь, иза а, цуьнан йоӏ а, нуц а йийсаре дуьгур ду бохуш. Амма цо зударий а, бераш а пхеа шарна Сибрех бахийтина. Зеламхина ца йицъелла ша йина чӏагӏо. Цо кхочушйийр йу иза.
Жамаьлда цӏе йолуш, ши обарг вара Зеламхица. Анагӏеран Жамаьлда а, накъосташа Пешхо олу Жамаьлда а. Цхьана хенахь Зеламхица обарг леллера и тӏаьххьарниг. Тӏаккха, обаргалла а дитина, машаречу дахарна тӏевирзира. Ткъа хӏокху тӏаьхьарчу шарахь обаргашца уьйр латтош, Зеламхица хьалхалера йукъаметтигаш карлайаха гӏертара иза. Ши де хьалха Зеламха волчу веара Пешхо.
– Хьан чӏагӏо кхочушйан аьтто карийна суна, – элира цо векхавелла.
– Хӏун чӏагӏо? – цецвелира Зеламха.
– Михеевн нуц йийсаре вало ахь йина чӏагӏо.
– Муха?
– Петарбухера йеана инженерийн комисси йара Дегӏастанахь некъаш дохуш а, тодеш а бина белхаш толлуш. Цигара шайн болх чекхбаьккхина, ӏаьндахула Соьлжа-Гӏала йогӏуш йу иза. Цуьнца ву Михеевн нуц. Цул совнаха, белхалошна алапина арадаьккхина дуккха а ахча ду, боху, цуьнгахь.
– Маца йогӏу иза кхуза?
– Хӏокху беттан пхуьйтталгӏачу дийнахь. Пхи де даьлча.
– Хьуна мичара хиъна иза?
– Саӏидера.
– Иза мила ву?
– Веданара Саӏид ца вевза хьуна? Некъийн мастер?
– Муха ца вевза? Кибиров боху кхахьпа шен кертахь кхобург.
– Хӏаъа. Кибировс Саӏиде дийцина, ткъа Саӏида – соьга. Шен нуц ахь йийсаре лацахь, Михеевс хьан доьзал Сибрехара цӏа балор бу. Цул совнаха, алссам хӏонц кара а йогӏур йу хьуна.
Пешхо дӏавахча, Гацагӏеран Бетарсолта а, Анагӏеран Жамаьлда а веара Зеламха волчу. Зеламхас дийцира цаьршинга Пешхоца шен хилла къамел.
– Цо лелочух шек ву со, – элира Зеламхас, къамел дерзош. – Цкъа вайца накъост хилла лелла иза. Тӏаккха дӏакъаьстина. Хӏинца йукъагӏерта. Цо деана хабар схьадаьлла меттиг а йу шеквоккхуш. Ша къамел деш бӏаьргаш хуьлу цуьнан, хи санна, лелаш. Дуьхьал ца хьовсуш. Цуьнгахула вайна тешнабехк бан гӏерта-те Кибиров?
– Иза талла хӏумма а хала дац, Зеламха. Кхана сарале къастор ду. Нагахь санна Пешхос дийцинарг бакъделахь, кӏело а йина, Михеевн нуц лоцур ву вай.
– Ша вайца ваийта бохуш, дехар а дина соьга Пешхос.
– Мелхо а, дика ду. Ваийта веза.