Нагахь санна цо лелориг йамартло йелахь, цунна шен хьакъ дӏалур ду вай.
Пешхох йолу Зеламхин шеко чӏагӏйира шолгӏачу дийнахь суьйранна веаначу Бетарсолтас.
– Пешхос дийцинарг бакъ ду. Хӏокху беттан пхуьйтталгӏачу дийнахь ӏаьндара охьайогӏу и комисси. Амма Пешхос лелориг тамашийна хӏума ду. Хӏинцале цо эладита даржийна, оцу комиссина кӏело а йина, цуьнгара ахча даккха а, Михеевн нуц йийсаре лаца а кечлуш ву Зеламха бохуш. Иза гуш лаьтташ йамартло йу.
– Цунна тӏера бӏаьрг дӏа ма баккхалаш. Нагахь санна иза шен лаамехь вайца дӏа ца вагӏахь а, нуьцкъах вуьгур ву вай. Ахь ма-аллара, Бетарсолта, цуьнгара йамартло гучуйалахь, цигахь шен хьакъ дӏалур вай. Вайна кечам бан дисинарг диъ де бен дац. Хьанна хаьа, пхуьйтталгӏачу дийнахь ӏаьндара охьабевр бу аьлла, эладита а даржийна, и комисси цхьа-ши де хьалха новкъа йалахь? Ботлихана а, Веданна а йуккъерчу некъа тӏехь тергам латто беза.
Гацагӏеран Бетарсолта Веданара вара. Зеламхина а, цунна а, шайн куьйгийн пӏелгаш санна, дика девзара Чӏебарлара а, ӏаьндара а лаьмнаш. Массо чӏаж, ӏин, тарх, дитт, колл.
Полковника Морганияс оцу деношкахь жигарабаьккхира шен агентурин болх. Шега догӏучу декъана цунна гӏо дора Ведана-округан начальникан декхарш ханна кхочушдечу Кибировс а. Церан агенташа хьалххе уьйр теснера лаьмнашкахь жаш кхобучу нахаца. Кечйинера Дагестански полкан ӏаьндахь лаьтта ротмистр Котиев коьртехь волу шолгӏа сотни а. Нагахь санна оьшуш меттиг нислахь а аьлла, резерве хӏоттийнера оццу полкан Гасаниловн сотни а. Кибировн куьйгалли кӏел Ведана йалийнера цунна йевзаш йолу Гӏизлара-Гребенски полкан йолхалгӏа сотни а. Царал совнаха, Гумбетан участках пурстопа, коллежский регистратора Саадуевс вовшахтоьхнера лаамхойн отряд а.
Амма Морганиянчул тӏех жигара болх бора Зеламхин агентуро. Изза жаӏуй а, нохчийн, суьйлийн йарташкахь дуккха а нах бара цунна тешаме болх беш. Ӏедало дӏа мел баьккхинчу когах Зеламхина тӏе хаамаш кхачабора цара.
Зеламхица шен хилла къамел сихха Кибировна тӏе дӏакхачийра Пешхос. Зеламхас комиссина кӏело йийриг хиларан цхьа а тайпа шеко цахилар а хаийтира. Амма цуьнца маса стаг хир ву, ца хаьара Пешхона.