Иттаннал алсам хила мега, элира.
Кибировс и хабар сихха дӏакхетийра Морганияга. Зеламха а, цуьнан тоба а хӏаллакйар Морганияна тӏедиллинера областехь. Морганияс а, Михеевс а план хӏоттийра, комиссина кӏело йина Зеламха шен тобанца схьалаца йа хӏаллакван, иза йовзийтира Дегӏастана областан начальникана а. Гонна йуккъе хьовзийна а, дуьхьал тӏелатар дина а, и план кхочушйалур йу бохург хьехочохь а дацара. Кхузахь мекарло оьшура. Ткъа иза Морганияхь оьшучул а тӏех йара. План массанхьа а къобалйинчул тӏаьхьа ротмистр Долидзе шена тӏекхайкхира Морганияс.
– Хӏокху беттан пхуьйтталгӏачу дийнахь Ботлихера охьа Ведана йогӏур йу инженерийн комисси. Къоьзан-ӏоман районехь, Керкетехь, цунна кӏело йан сацам хилла Зеламхин. Вайн агентуро оцу комиссица Михеевн нуц Шарль Акс ву аьлла цуьнга. Цул совнаха, разбойникаш сутарбаха, оцу комиссигахь дуккха ахча ду а аьлла. Ахчанан дуьхьа-м комиссина тӏелетар вац Зеламха. Цуьнгахь хилар шена билггал ца хиъча – муххале а. Зеламхин коьрта ӏалашо Михеевн нуц йийсаре вигар йу. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца. Акс хир вац комиссица. Комисси новкъа йолуш, иза дӏакъастор ву цунах. Оцу дийнахь вайн аьтто нисло Зеламхин гӏера хӏаллакйан. Даррехь и ӏалашо кхочушйалур йац вайга. Цунна мекарло оьшу. И комисси ахь йалор йу Ботлихера охьа. Ха деш салтий хилча а, дукха адамаш хилча а, Зеламха шеквер ву. Хьоьца Дагестански полкера шийтта дошло хир ву. Шух цхьанна а тӏехь тӏеман духар а хир дац. Ха дац ца моттийта, тӏеман духарца, герзаца говрашкахь виъ салти а хир ву. Шу кхойттанна тӏехь ламанхойн духар хила деза. Герз гуш ма дита. Пайтонаш чохь дӏалачкъаде. Шуна орца дезачу хенахь тӏекхача кийча Котиевн, Гасаниловн сотниш, Веданара гӏо а хир ду. Операци кхиамца чекхъериг хиларан цхьа а тайпа шеко йац. Гӏуллакх чекхдаьлча, Ботлихера схьа Ведана телеграмма лур ахь. Дала аьтто бойла хьан!
Йиллинчу хенал ши де хьалха Ботлихера охьа Ведана богӏучу некъана тӏехула, Чермойн ломахь шен тобанца сецира Зеламха. Масех шо хьалха санна, аьтто бацара цуьнан дуккха а накъосташна йукъара тоьлларш къесто. Накъостий кӏезиг бисинера хӏинца. Ӏедало а, чӏирхоша а байъина. Цуьнца итт