ца хилча. Хьой, сой саннарш хила беза, къомана тӏе бохам беача…».
Каде хьалагӏеттина, къена Ахьмад, шаьлтанан макъара тӏе ка а диллина, майра ши бӏаьрг лаьмнашца а кхарстийна, ондда гӏулч йоккхуш, оцу буьрсачу дорцана дуьхьал накъосташна тӏаьхьа йуьрта волавелира…
***
Соипан бертаза, иза шена тӏаьхьара дӏаваьккхира Зеламхас. Иза накъост воцуш вуьтур вац ша бохуш, Зеламхица виса гӏерташ, чӏогӏа дуьхьало йира Соипа. Амма Зеламхас ца витира иза шеца. Йа Бетарсолта а, йа Жамаьлда а. Зеламхина хаьара ӏедало шена тӏаьхьабаьхна къайлах агенташ хилар. Цхьацца йартийн йуьртдай а, шен чӏирхой а. Ткъа и йуьртдай а, агенташ а муьлш бу, ца хаьара. Цхьанхьа шена йамартло, тешнабехк бийр буйла хууш, шеца накъост ца вуьтура цо. Ша цхьаъ хилча, къайлехь латта атта хетара.
Соип цӏа вирзина бутт сов хан йара. Амма цкъацкъа денна-буьйсанна араволий, мича вахана а ца хууш лелий вогӏура.
Зеламха цомгаш ву бохуш, хезнера Овхьадана. Ткъа цуьнгара хьал ца хаьара. Овхьад шеквара Соип иза волчу воьдуш хиларх. Кешнийн кертара арадевлча, Соип шена улло нисвелча, цуьнца къамеле велира Овхьад.
– Деши хӏун деш йу? Могаш йуй иза?
– Могаш, дика йу. Хьо ганза хан йаьлла, хӏун деш ву-те иза олий, хотту цо а.
– Делахьа, даим иза ган хан йуьллуш, ледарлонна ца вогӏуш ӏа со. Зеламхера хьал хаьий хьуна? – цӏеххьана хаьттира цо.
Соип цатешаме дӏахьаьжира цуьнга.
– Ца хаьа суна.
– Сох ца теша хьо?
– Хӏунда ца теша? Сан ден уггар тешаме доттагӏ ма хилла хьо. Бутт сов хан йу со Зеламхех дӏакъаьстина. Иза мичахь ву, ца хаьа суна.
– Накъосташкахула хӏумма а ца хезна хьуна?
– Зеламха цомгаш ву, олу цара.
– Хьал муха ду-те цуьнгара?
– Кхераме дац, олу.
Овхьада кхидӏа хаттарш ца дира. Соип йа тӏе ца кхочура Зеламхина, йа, тӏекхочуш хиллехь а, дийца ца лаьара…