…Цунна маршо йезара. Иза майра, оьзда къонах вара. Шен зуда, бераш ган воьдуш, вийра иза…
А. Макеев
Хорачан хьехара кӏелхьарваьлла Зеламха, цӏе йаккха цхьа а доккха тӏелатар ца деш, дӏатийнера. Кегий талораш деш меттигаш хуьлура областехь, амма уьш теллича, Зеламха церан декъашхо ца каравора. Ткъа инарла Михеевна, областехь муьлхха зулам хилча а, цигахь Зеламхин куьг гора.
Зеламха хьехара веддачул тӏаьхьа Ведана а, Соьлжа-Гӏала а округашкарчу цхьамогӏа йарташна таӏзарш дира Михеевс. Зеламхин гергарчу нахах а, иза чувитина аьлла хаам хиллачу йарташкара а бӏе шовзткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтира. Зеламхица уьйр йу боху ворхӏ шайх шайн доьзалшца пхеа шарна Калуге, Астрахане ссылке бахийтира. Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дӏакхелхина, гергарчара цӏа а валийна, цуьнан йуьртахь Эвтарахь дӏавоьллира.
Минусинскехь ссылкехь хилла Зеламхин доьзал а хӏокху аьхка цӏа балийна. Гӏараваьллачу нохчийн адвоката Мутушов Ахьматхана гӏайгӏа бина иза цӏа берзош. Пачхьалкхан Думан депутаташкахула а, юстицин министрехула а. Хорачахь-м хьовха, муьлххачу нохчийн йуьртахь бахар а дихкина Зеламхин доьзална. Соьлжа-Гӏалахь, нохчийн цхьана совдегаран Мурзаевн цӏеношкахь сацийна, гонаха доккха ха а хӏоттийна.
Зеламхин доьзал ссылкера цӏа берзорна дуьхьал вацара Михеев. Зеламхас кхерамаш туьйсуш, къамкъарг лаьцнера цуьнан. Чермой ломахь кӏело йина некъийн инженераш а, царна ха деш хилла дегӏастанхойн дошлой а цо байъичахьана, кхоьруш, синтем байна, дуьне гатделлера цунна. Тӏе, доьзал Сибрех бахийтича а, шайхаш ссылке бахийтича а, цхьа гӏулч а йуха ца велира Зеламха. Мелхо а, дарвелла, карзахваьллера. Доьзал йийсаре бигначул тӏаьхьа ӏассан тӏай тӏехь а, Чермой ломахь а дира цо шен гӏарадевлла тӏелатарш. Цхьа минот йисира цо Соьлжа-Гӏалара банк а, йармарка а ца талош. Тӏаккха Хорачара хьех… Зеламха дийна мел ву, Теркан областехь машар, синтем хирг хиларх догдиллинера цо.
Бакъду, хьалха санна, хӏинца кхераме вацара Зеламха. Обарган цӏе йоьжнера цуьнан хьалкъана хьалха. Итт шарахь цуьнца хиллачу майрачу обаргех цхьа а ца висинера. Цхьаберш, лецна, Сибрех бахийтина, хан токхуш бара. Кхиберш таӏзарийн отрядаша а, чӏирхоша а байъинера.