Шен гӏеране керла накъостий тӏеэца кхоьрура Зеамха. Ца тешара. Итт шарахь цуьнан гӏеранехь хилларш шатайпа разбойникаш бара. Каторгера бевддарш. Нах байъина, мостагӏалла тӏехь дерш а. Ӏедална хьалха бехке хилла бевддарш а. Машаречу дахаре йуханехьа некъ боцурш. Уьш а тӏеоьцура цо ӏаламат чӏогӏа, лерина, церан дахар толлий. Накъостех тешара Зеламха. Церан дахарехь кхин некъ цахиларна. Маьршачу дахаре йухабирзича, ӏедало йа ирхъухкур бара уьш, йа ткъех шарна каторге бохуьйтур бара. Ткъа стаг вийна обарг бевллачарна тӏаьхьатоллуш чӏирхой а хуьлура.
Хӏинца и накъостий дӏабевлла Зеламхин. Иза цхьа висина. Амма цхьа висинехь а, ӏедална кхераме ву. Тифлисехь а, Михеевгахь а хаамаш бу, Зеламха коьрте а хӏоттийна, Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а гӏаттам кечбеш бу бохуш. Коьрта кечамбархо Гӏизлара-гӏалин пурстоп хилла Коджаев ӏабдул-Межед ву, боху. Нагахь санна халкъ гӏатто ницкъ ца кхачахь а, ламанхошка Хонкара кхалхаре кхайкха ӏалашо йу, боху, цуьнан. Коджаевс халкъа йукъа эладита даржийна, ӏедало хьийзочу халкъехьа гӏодаккхарна ша даржах вохийна бохуш. Бодане халкъ теша оцу хабарех. Эрзерумехь вехачу цхьана шайхо Зеламхе кехат даийтина бохуш а, дуьйцу. Цхьана ханна къайлавала, ӏедалх ларло, Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а гӏаттам кечбелча, хьо имам кхайкхор ву бохуш.
Оцу хаамашца цхьаьна богӏу Ведана округан начальникан подполковникан Караловн агентурин хаамаш а. Караловс йаздарехь, кестта Нохчийчохь гӏаттам боло ойла йу Зеламхин. Къадари тӏарикъатан вирдийн мурдаша Зеламха а, цуьнан хьуьнарш а хестош назманаш йаржийна. Йарташкахь къайлах гуламаш бина меттигаш а йу. Гӏазот хьехор а алсамдаьлла.
Боданечу, фанатични болчу нохчийн бахархошна йукъахь Зеламхас эладита даржийна, боху, оьрсийн эскарша кхолха го бина, ша хьеха чохь висича, шайх Кунта-Хьаьжа а, пайхамарш Хизар а, Илес а шена орцах баьхкинера, ша хьехара ара а ваьккхина, кхерамазечу меттиге охьа а виллина, къайлабевлира уьш бохуш. Ткъа бахархой оцу эладитанех а теша. Доцца аьлча, Зеламха дӏаваккха веза хӏокху дуьненара.
Хӏинца йерриг а дегайовхо Караловна тӏехь йу.
Эла Караловга безам бацара Михеевн. Бакъду, цунна берриг туземцаш ца безара.