Бе́раллин шерашна аьхна
Хиллачу туьйранех йуьйлуш,
Цхьа дажал вуссур ву баьхна
За́ма сан гӏе́наш чу йуьйлу.
Вайна цо кечбина бо́хам
Кхаж бу те́ йилбазийн баьлла?!
Синошна и да́лато́хар
Хӏинцале бале ма даьлла.
Са кӏезга хиларна до́цуш,
Са хьаьшна хиларна дуй и-м.
Бакъ-харцций, цецах чекх ло́цуш,
У́зуш дац йа дош, йа дуй а.
Мозгӏарна вайгахь ган тайннарг
Аллахӏа цӏарах а баьрчче
Даккхалуш хилар а вайна
Хезна а, гина а даьлча,
Вай хӏунда сихло те́ теша
Цӏуьхӏарийн суьпачу кхаьънех?
Цунде́ла дазлуш ду теша
Сан гӏе́нийн дастаза маьӏна?
Дуьненан букъ хьоьшу ерчо
Тидахь а дажалан цӏарца,
Къинош-м ду вайна тӏехьерчош,
Марз а деш Аллахӏа цӏарца.