Иттех шо хьалха республикехь гӏараяьлла ца ӏаш, Москвахь ВДНХ Сийлаллийн уьн тӏехь цӏе язйина хьал долуш, ехаш а колхоз яра А.Шериповн цӏарах тхан колхоз. 1700 гектар охунин латта дара дуьйш-дерзош, 1200 корта даккхийра хьелий, масех эзар пхьагалш, стоьмийн бошмаш, кхачанан комбинат, вальце-вой хьер яра тхан колхозан. Колхозан хоржах оцу чуйогӏучу пхеа юьртахь йина берийн яслеш, клубаш, медпункташ, банеш яра. Бӏе гергга тракторш, комбайнаш, машинаш, кхийолу юьрта-бахаман техника а яра. Пачхьалкхан банкехь даима масех мил-лион сом ахча а хуьлура колхозан. Токхе бехара тхан колхозера бахарой. 1992-чу шарахь «Юьртан-Кхел» аьлла цӏе а тиллина цхьа-накхеттачу баккхийчу нехан тобано йохийра и колхоз. Оцу то-банна юкъахь бара керлабевлла молланаш а, хьаьжой а. Амма царна юкъахь цхьа а юьртабахаман говзанча а, атталла, интел-лигенцин векал а вацара. Даьхний, борахчу мехах, нахана пайда боцчу цхьана агӏор дӏадахара. Техника а цунна тӏехь болх беча-ра шайн долаяьккхира. Клубаш, яслеш, банеш цхьаерш наха талийра, цхьаерш шайн долаехира. Цхьаболчу наха шайн дайн хилла латтанаш дӏалийцира. Хӏетталц ӏедало лерина ларъеш хилла попан, ножан а хьаннаш хӏаллакъян йолийра.
Цул тӏаьхьа, цхьа ши шо даьлча, тхан юьртахь тезетахь на-хана хьехам бан вуьйлира оцу тобана юккъехь хилла цхьа хьаь-жо. Оцу Россис, оцу Делан мостагӏаша, керста оьрсаша ахчанах эцначу нохчийн мунепикъаша нохчийн халкъан барт бохийна, гергарлонаш хедийна, юкъа мостагӏалла кхоьллина, — бохура цо. Цуьнга ладегӏа собар а ца тоьъна, иза сацийра ас.