Халкъо хаьржинчу Нохчийн Республикан куьйгалхошка зуламхой таӏзарза бита ца боху цхьаммо а Адамашка болх ма байта, царна алапаш ма ло, къеначарна пенси ма ло, цомгашчарна дарбанаш лелорна миллионаш ахча даккх ца боху вайга Россис а, оьрсаша а. Дийца дукха ду уьш бусалб дино а, цхьана а пачхьалкхан законаша а ца магош дрлу зуламе, оьзда доцу гӏуллакхаш. Нагахь санна, Дала а, Пайхамара а бу-салба адамашна хьарам дина дихкина и зуламе гӏуллакхаш Рос-син, оьрсийн а лаамца вай лелош делахь, ахчанах, хьолах вай дохкалуш делахь, вайн бусалбалла а, нохчолла а мичхьа хуьлу? Дуккхамма а олуш хеза, халкъ холчохь ду, бан болх бац, луш алапа а, пенси а дац, хьанал-хьарам ца къестош къола дина а, малар, цигаьркаш йоьхкина а, анаша кхиийна а шайн доьзалш-на сискал ца яьккхича нехан аьтто бац. Цкъа цхьанхьа, тхо масех стаг цхьаьна волуш, мусртис Алсабеков Мохьмад-Хьу-сайна а элира иза. Ткъа Нохчмахкахь дика вевзачу тхан рай-онерчу, шозза Макка ваханчу ӏеламстага магийнера цӏерпошта тӏера лачкъийна деана кӏайн эчиг маьждиган тхов тӏе тоха. Оцу маьждига чохь Далла ӏамал еш бу цигара нах. Ткъа тхан районерчу ярташкахула и эчиг лоьхуш лийлира Дегӏастанара суьйлий. Шаьш шайн маьждигашна эцна даийтина дара иза, бохуш.
Амма тахана къоланаш, талораш деш, кӏомал (анаша) кхи-ош, юхкуш а, адамаш лечкъош, дойуш лела нохчий мацалло бӏарзбина нах бац. Церан машинаш, герз, шайн ярташкахь а, гӏаланашкахь цӏенош, масех хӏусамаш а ю. Мацалло бӏарзвина стаг машинашца, герзаца цӏерпошт тало, стаг а вийна цуьнан машина дӏайига, вохка стаг лачкъо ца воьду, цхьа гирда ялта, котам, газа, стом лачкъо воьду. Наха дуьйцура, цӏерпошташ та-лочара шаьш лачкъийна товар тӏехь долу машинаш хотталахь йисча, чкъургашна кӏел демах, дуганах, шекарх дуьзна галеш а туьйсуш, схьайохура, товар чудилла деса галеш ца хилча, чуьра дама, дуга, шекар а хоттала дӏа а ӏанадой, галеш мукъадохура, бохуш. Мацалло бӏарзбинчу наха лелор дуй ткъа ишттаниг?