Царах муьлхха а цхьа бахьана я бехк зудчуьнца белахь, иза йита, цунах дӏакъаста бакъо ю майрачун, амма царех цхьа а бахьана, бехк цуьнан бацахь, иза йита бакъо ца ло. Оцу бахьанех цхьаъ майрачуьнца делахь, зудчунна а бакъоло цунах дӏакъаста. Царел совнаха, майрачух дӏакъаста зудчунна бакъо ло, нагахь санна иза тӏех верстина велахь.
Амма и сакхташ я бехкаш доцу зуда йитар нийса ца лору шариӏатехь. Ткъа нохчашлахь дукха меттигаш нисло шена муьтӏахь а, тешаме а, могаш, оьзда, къинхетаме а йолу зуда шена кӏордийча я малар меллачу хенахь кхин хазъеллехь, иза цӏийнах, доьзалх йоккхий, дӏайохуьйтуш, я цунна тӏе зуда ялош.
Шариӏатехь цхьана боьршачу стеган йиъ зуда хила магий-нехь а, зуда йитар а, зудчунна тӏе зуда ялор а, цхьана хенахь ши зуда хилар а ӏаламат кӏезиг ду вайна гондӏа дехачу бусалба къаьм-нашлахь. Амма иза чӏогӏа даьржина нохчашлахь. Зудчунна тӏе зуда ялийча, бухарчу зудчуьнга а, цуьнан берашка а кхочу бохам а, бала бийца хала ду. Тӏееанчу зудчуьнга а, иза ялийначу шайн дега а цабезам беха берийн дегнаш чохь шаьш дуьненахь йоккхучу ерриге а хенахь. Хӏетте а вайн молланаша иза къо-балдеш, махбо церан.
Хетарехь, нохчашлахь шариӏат а, къоман ӏадат а талхош зуда йитар я зудчунна тӏе зуда ялор а Шемалан заманахь юкъа-даьлла. Хӏетахь, иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тӏамо дук-кха а боьрша нах дӏахьора, зударий жоьра буьсура, кхиъначу мехкаршна маре баха боьрша нах ца тоьара. Оцу бахьанашна дуккха а лахделлера бераш дуьненчу довлар, тӏамо лахдина къам тӏекхиар а. Ткъа Шемална тӏемалой оьшура, цкъа-делахь, бераш хилийта а, шолгӏа-делахь, марехь боцу зударий зинан новкъа ца бовлийта а ӏалашо йолуш. Шариӏат а, ӏадат а талхош Шемала юкъадаьккхира маре баха хан йолу мехкарий а, къона жоьра зударий а, зудчунна тӏе маре бахар а, бигар а тӏедожош. Йоьду-чун а, ялочун а бертаза зудчунна тӏе зуда йига дуьхьалваьлларг зиндана чу а вуллий, иза реза хиллалц дийнахь-буса цуьнгара эппаза гӏуда а доккхуш, цу чохь латтавора.