И шаьш бало зударий шайн берех а ц: къастабора, берашца цхьаьна балабора, Делан дуьхьа оцу зуда-рийн а, берийн а дола дан. Ӏалайсалам, вайн Пайхамара шийтт: зуда ялийна боху /Уроки ислама. Махачкала, 1997 г. стр. 6/ царех бархӏ гӏазотан тӏамехь хӏусамдай белла жоьра бисина, цхьа| берш байш кхобуш болу зударий хилла. Ткъа нохчаша зудчунна тӏе зуда муха ялайо вайна хаьа. Бу-хара зуда иманехь, оьзда, могаш а, шена муьтӏахь, тешаме йоллу-шехь, цуьнан кӏентий, йоӏарий а боллушехь, иза шен хӏусамдеца а, берашца а яха лууш йоллушехь, шайна хазъелла муьлхха а зуда ялайо. Оцу тӏе ялочу зудчун бераш делахь, иза царех а къастош. Керлачу майрачо цуьнан бераш ненаца дӏа ца дуьгу, иза берашна тӏе а ца йохуьйту, берийн дас цунна бераш ца гой-туш меттигаш хуьлу дукха.
Хӏусамдай а белла, берашца цхьа бисина нохчийн зударий, цхьа наггахь ерг бен, бераш дӏа а тийсина маре ца йоьду. Хийла къона, хаза зударий бу иштта бисина, бераш кхобуш цӏахь ӏаш, хеназа къанлуш. Декъаза хуьлу церан дахар. Ков-керт церан кочахь хуьлу. Берашна рицкъа, тӏедуха, когадуха латтадо цара. Даима дӏа царех дог ӏийжа оцу зударийн. Бераш даккхий хилча, кӏенташна зударий бало, йоӏарий маре бахийта гӏайгӏа бо.
Кхин тайпа зударий бу, берех а къастош битина цӏа бахкий-тина, кхечанхьа маре а бахана шайн берийн сий ца дайа, царна эхь ца дан, маре а ца боьлхуш къанлуш. И шайх дӏакъастийна бераш даккхий хилча, мацца а цкъа шайна тӏедерзаре, царех шайна гӏовла хиларе сатуьйсуш ӏаш.
Зударшна, берашна а тӏе маренаш дийриш кхин тайпа зуда-рий бу. Цхьанхьа шайн маре ца нисделча, кхечанхьа маре боьлхуш, мосазза а маре деш. Цхьанхьа маре ца нисделла кхоллам галбаьлча, кхечанхьа шайн ирс ма лаха, дуьненах догдиллий, цаьр-га цӏахь ӏен ца боху ас. Амма зудчунна, берашна тӏе маре а баха-на доьзалш а ца бохош, зударий боцчу нахе маре баха мегар ма дара уьш. Доьзал а бохош маре боьлху зударий адамаш ма дац. Ишттачу зударийн дуьне а, эхарт а декъаза дийр ду Дала.