Иштта, кхечу махка, кхечу къаьмнашна юк а ъд бахча, цӏахь хӏусамнаной . бераш долу божарий цигахь кхечу къомах, кхе-чу динехь болу ЗуДарий балийна я царна тӏебахана бехаш бу. Тӏаккха, цхьа хан яьлч Ха а цигара цӏа а боьрзий, шайн хӏусамнаношца цхьаьна бе- - Юха мах ца бича шен хӏусамнана хьарам ма ю ишттачу стагана. Иштта лелачу боьршачу стеган бераш иманехь муха
Хир ду?Сан тидам хилла, юьртахь эхь-иман долу къона стаг цхьа-на-шина шарахь арахьа махка балха я мехе вахча, цуьнан амалш, гӏиллакхаш а вочу агӏор хийцалуш. Иштта, маларца а, кхечу а бахьнашца а оьздангаллех бухучу нахех ас яздина «Ирхеш» романна а, цхьамогӏа дийцаршна а тӏехь.
Цхьа пхи-ялх шо хьалха даррехь малар, цигаьркаш йохка ца баьхьара нах. Тахана товар духкуш ду гӏаланийн, яртийн урамашкахь. Къеначу, къоначу зударша а, бераша а. Тахана духкуш бу, хьанна хаьа, и шаьш духку малар кхана мала а, ци-гаьрка оза а буьйлабала а мега.
Ойла ел аш, цхьа зуда а ялийна, цкъа маре а бахана шайн доьзал кхоьллинарш дукха бу я шозза а, кхузза а, кхин алсам а зударий балийнарш я маре баханарш дукха бу? Иштта маре-наш долуш я деца, я ненаца а доцуш бераш мел ду? И бераш иманехь, оьзда хьан кхиор ду? Цкъа-делахь, и дукха зударий бало божарий а, я дукха маре ден зударий а ма ца хуьлу оьзда, има-нехь нисбелла. Иман, адамалла, оьздангалла йолчу стага шен зуд-чунна, берашна тӏе зуда а ялор яц, зудчунна а, берашна а тӏе зуд маре а гӏур яц. Акха адамаш ма ду уыи.
Лаххара а шина шарахь шен бер некхах дакхор нанна тӏедожадо Къорӏано /2 сура, 233 аят/. Оцу декхарх и паргӏатйоккху, нагахь иза цамогущ, сакхте, некхехь шура йоцу-ш елахь. Тӏаккха бакъо ло кхечу зудчуьнга бер дакхадайта, нагахь и аьтто бацахь, кхин кхача бао. Ткъа вайн зударша хӏун до? Шайн догӏмаш кепах, куьцах духур ду бохуш, цкъа а некхе а ц ухьуш, туьканара оьций шишанашца кхача баабо берашна.