Ас дешна оцу къийсамах лаьцна Нохчийн облЧК-н начальнико Ростоверчу край-ЧК-н начальнике яздина рапорт а, шена тӏекхоьллина харц) эладитанаш ӏорадохуш Т.Эльдархановс А.Микояне яздина ке-| хаташ а.
Оцу мотт-эладитанашца 1925-чу шеран сентябрехь облЦИК-н председатель волчуьра Т.Эльдарханов дӏа а ваьккхина, цуьнанӏ метта балкхаро Энеев Мохьмад хӏоттийра. Т. Эльдархановца] цхьаьна мукъабехира ЦИК-н декъашхой: 3. Шерипов, У. Гойсу-мов а. Тӏаьхьа лецна хӏаллакбира Митаев ӏела, Соип-Молла, кхин| цхьамогӏа гӏарабевлла ӏеламнах.
Нохчийн республикан партийни организаци кхоллаелчхьа-ӏ на дуьйна 1990 шо кхаччалц цуьнан хьалхара секретарь нохчо ца хилла. Дуьххьара партин оргбюрон хьалхара секретарь оьр-си вара, тӏаккха — гуьржи, цунна тӏаьхьа, Т.Эльдархановна дуь-хьал жигара къийсина балкхаро Энеев Мохьмад вара, иза дӏаваьлча даима оьрсий лаьттина КПСС обкоман хьалхара сек-ретараш. Ткъа оццу хенахь Къилбаседа-Кавказан ерриге а рес-публикашкахь КПСС-н обкоман хьалхара секретараш даима мет-тигерчу къаьмнех нах бара. 80-чу шарахь дара моьтту суна, цхьа Дегӏаста йоцчу ерриге а республикашкахь КПСС-н обкоман хьал-хара секретараш оьрсий хӏиттийра, амма уьш дукха ца битира.
Дегӏастанахь гӏаланийн, яртийн районийн организацийн хьал-хара секретараш берриге а меттигерчу къаьмнех нах бара. Ткъа вайн республикехь муха хилла вайна дика хаьа. Соьлжа-Гӏалин а, гӏалин районийн а парторганизацийн хьалхара секретараш цкъа а нохчий ца хӏиттабора. Районехь бехарш берриге а нохчий боллушехь, цкъа а нохчо ца хӏоттийра Гуьмса районан партор-ганизацин коьрте. Дукхахьолахь оьрсий хуьлура КПСС-н Шелан, Хьалха-Мартанан, Надтеречни, Веданан районийн парторганиза-цийн хьалхара секретараш. Тӏаьххьарчу хенахь КПСС-н Веда-нан райкоман коьртехь оьрсийн зуда яра. 1957-чу шарахь дуьйна республикан МВД-н, КГБ-н, прокуратуран, суьдан, финансийн коьртехь нохчо вацара.