Иза къобалвеш, дуккха а нохчий тӏаьхьахӏиттира цунна. Вуьшта аьлча, нохчаша тӏелецира иза.
1921-чу шеран январехь суьйлийн гӏараваьллачу хьоладас Го-цинский Нажмуддина а, Шемалан кӏентан кӏанта Саьӏид-бека а ӏехийна Советийн ӏедална дуьхьал халкъ гӏеттира Ведана кӏоштахь. И гӏаттам йоккхачу къизаллийца хьаьшира НКВД-н эскарша. Кхузахь халкъан цӏий а ӏанадайтина, Саьӏид-бек ша схьа-веанчу Турце, Саудовски Араве дӏавахара, ткъа Гоцинский виси-ра 1925-гӏа шо кхаччалц. Оцу деа шарахь иза бахьана долуш лаьм-нашкахь дукха нохчий хӏаллакбира ЧК-н, НКВД-н а эскарша.
Иштта, арахьара тӏебаьхкинчу нахах тешаш, ӏехалуш царна тӏаьхьа хӏуьттуш, даима шаьш хӏаллакбайтина нохчаша.
1917-чу шарахь Россехь революци хилча большевикаша Декрет даьккхира: Россерчу къаьмнашна маршо а, шайн пачхьалкхаш кхолла бакъо а лур ю аьлла. Тӏаккха, бусалба халкъашна, церан динна маршо лур ю аьлла, кхайкхам бира. Большевикаша дуьй-цург шаьш бӏешерашкахь сатийсинарг, цуьнгахьа къийсинарг хиллехь а, ларлуш хилира Къилбаседа-Кавказера кхидолу къаьм-наш. Тӏаьхьа, граждански тӏом болуш а, нохчаша санна больше-викашкахьа доггах къийсам а ца латтийра цара. Амма нохчий, гӏалгӏай а шайн баккхий нах, ӏеламнах хьалха а болуш, большевикашна тӏаьхьахӏиттира. Муха ца хӏуьтту, С. Орджоникид-зес а, С. Кировс а «майра, кура гӏалгӏай, нохчий цхьаъ санна массо а Советийн ӏедалехьа гӏевттина. Терка тӏехь Советийн ӏедалан кхоллам Нохчийчохь а, Гӏалгӏайчохь а къастош бу» бохуш, уьш хестийча!
И шайн «майралла а, куралла а» гайта гӏоьртина бӏаьргаш хьабдина, лергаш къевлина, даима санна цӏерга лилхира нохчий. Деникинан 40 эзар эпсарх вовшахтоьхна тоьлла эскарш кхузахь дохорца нохчаша, гӏалгӏаша а юкъахйитира Деникинан Москва тӏе кечйина поход. Ткъа ламанан кхечу къаьмнаша, моттаргӏанна санна, наггахь герз а кхуссуш, атта даьккхира Советийн ӏедал, ткъа «майрачу, курачу нохчаша а, гӏалгӏаша а» беза мах текхира цунах. Оцу тӏамехь эзарнаш тоьлла кӏентий хӏаллакхилира, иттанаш ярташ чим беш ягийра. Оццул шена муьтӏахь хиллачу нохчашна а, гӏалгӏашна а хӏун баркалла элира болыыевикаша, Советийн ӏедало?