Карара хӏума схьа мел яьк-кхинарг юьстах а воккхий, ларван шайн накъосташка дӏалора. Талорхойн «белхан хан» чекхъялале талийна нах бӏе, ши бӏе, гуллора, амма оццул дукха болу и боьрша нах оцу масех талор-хочунна дуьхьал бистхила ца баьхьаш, цара зударийн догӏмех куьйгаш хьоькхуш, месаш кегош гуш, юьстах хӏуьттий лаьт-тара.
Оцу некъахь, оццу меттигехь хӏора базаран дийнахь цхьана наха талораш деш дуйла хаьара милицина, амма иза цкъа а ца-рах адам лардан цига а я кхечахьа а ца йоьдура.
Хӏара ас дийцина сурт шайн бӏаьргашна гина а, шаьш лайна а нах хӏинца а дийна бу тхан агӏор.
" — Масех бӏе стаге и масех талорхо ца сацалора шуьга? — аьл-ла, шайга хаьттича, «цаьргахь герз ма дара...», — олу.
Дуьйцура, и талорхой цхьаболчу куьйгалхошца бертахь бара, бохуш. «Аш тхо а ма хьеде, оха шу а хьедийр дац», — иштта яра церан юкъаметтиг. Ловзаршкахь, синкъерамашкахь тӏеттӏа ӏитталуш меттигаш а нислора церан. Гӏара-гӏовгӏа ца йоккхуш, дӏасакъаьстара.
Тхан хьаннашкахь къайлабевлла талорхой цхьа нохчий хил-ла ца ӏара. Суна гина хӏетахь нохчашца цхьаьна дукха суьйлий а, гаттий бӏаьргаш болуш цхьацца къаьмнех нах а. Шайн мах-кахь царна маршо хир яцара кхузахь санна. Ткъа Нохчийчохь маршо яра зуламхошна!
Иза дуьххьара ца хилла нохчийн исторехь. Бӏе дезткъа шо гергга хьалха А.П.Ермоловс яздинера: «Теркан лахенца бехаш нохчий бу, вайн линина тӏелетачех уггар боьха разбойникаш. Шаьш бацара уьш, амма шайн махкахь цхьацца зуламаш дина бевдда баьхкина кхечу къаьмнех шайга тера разбойникаш тӏелоцуш, хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь цӏеххьана алсам баьлла церан барам. Бакъдолуш, разбойникийн бен бу Нохчийчоь». Записки А. П. Ермолова. Москва, ч. П, 1868г., стр. 21/.
Ермоловс буьйцу и тайпа кхечу къаьмнех нах а, нохчехдӏаийна церан тӏаьхьенаш а нохчашна бале йовлуш меттигаш хилла. Паччахьан заманахь а, советски-коммунистически ӏедалоа, иштта нохчашца цӏий ийна кхечу къомах схьабевлла нах хӏиттабора куьйгалле, нохчийн къомах дог лазар церан кӏезиг} хиларна. Нохчийн халкъ махках даккхаран коьртачу бахьанех и бандитизм а, Германица тӏамехь нохчаша кӏезиг дакъалацар а, 1942-чу