И гуламаш вовшахтохарх.ойн ӏалашонаш тайп-тайпана яра. Цхьадолчу тайпанах нах бара, шайн тайпанашна тӏе а тийжаш, шайгара ӏедалан даржаш шайгахь дита гӏерташ. Кхиберш бара, шайн тайпанашна тӏе а тийжаш, ӏедалан коьрте баха гӏерташ. Оцу шина тобанан банне а бала бацара шайн тайпанийн а, нох-чийн къоман а кхолламан. Царна шайн карахь ӏедал дезара и шайн тайпанаш, халкъ а тало, хьал-бахам ӏаӏо.
Кхин нах бара шайн тайпанашна юкъара зуламаш, галморзахал-лаш, хьагӏ-гамонаш дӏаяхарца, яхь, оьздангалла, иман а меттахӏотторца нохчийн дерриг къоман яхь, оьздангалла, иман а меттахӏотторе сатуьйсуш и гуламаш вовшахтухуш. Тӏаьххьаре а кхин цхьа нах бара, тахана халкъа юкъахь зуламаш даьржича, царех халкъ лардан лууш а, ницкъ болуш ӏедал а ца хилча, оцу зуламех, зуламхойх а, къеллех, халонех а шайн тайпанан нах шаьш ларбан ӏалашо йолуш лелаш. Хӏокху тӏаьххьарчу шина боламан ӏалашонаш цӏена яра. Амма тайпанийн боламаша, ме-женеш йохуш дору дегӏ санна, къам дакъошка а доькъуш, цуь-нан цхьаалла, барт а бохош, шен юкъараллин дӏахӏоттамца, ӏер-дахарца, экономикаца, культураца бӏе шо юханехьа, кӏегар дуь-гур дара. Цундела, тайпанийн гуламаш болабелча ас сацам бол-луш дӏакхайкхийра оцу долорна со реза цахилар, и гӏуллакх цкъа къомана бале, бохаме дериг хилар а/ Тейповый интерес надо оставитъ. «Маслаӏат», 23 август 1992 г.; Разум должен восторжествоватъ. «ГЧР», 31 декабря 1992 г.; Со дуъхъал ву нохчий тайпанашка бекъарна. «Даймохк», 16 октябръ 1993 шо/.