Ткъа къуй, талорхой, кхиболу зуламхой бахьана до-луш болабеллачу тӏамехь, уьш ларбеш велларг, гӏазот-м муххале а хир вацара, мелххо а цаьрца цхьаьна жоьжахате гӏур ву!
Цхьа хӏума ду со цецволуш. Тахана, берриг бохург санна, нох чий Далла ӏамал еш бу. Масех шо хьалха ламазана муьлхачу] агӏор хӏутту а цахиънарш цхьаьна. Хӏоранна а шел цӏена бусалб стаг а ца хета. Хӏора юьртахь рузбан маьждигаш ду, пӏераска: дийнахь царна чу а ца тарлуш дукха адамаш хуьлу. Масех 61 имам а, масех эзар хьаьжо а ву Нохчийчохь. Маьждигашкахь, сагӏа доккхучохь, мовлад доьшучохь, тезеташкахь, телевидене-хула даима бусалба динах, диканиг, вониг а, хьаналниг, хьарам ниг а дуьйцуш хьехамаш а бо. Цаьрга ладоьгӏуш боьлху цхьабо лу боьрша нах. Шайн доӏанашца уьш Деле кхойкху, шайн къи ношна гечдар, дуьненан баланех, бохамех лардар, шайна юкъахь' барт бар доьхуш. Пайхамаре, эвлияашка кханалерчу Къе матдийнахь шаьш Деле дехар, шайна орцахдовлар доьхуш.
Вай дерриге а иштта дика, цӏена бусалбанаш хилча, и къоланаш, талораш дийриш, адамаш дойурш, адамаш лечкъораш царах йохк-эцар йийраш, маларех, наркотикех а йохк-эцар лелораш, уьш муьйлурш, уьйзурш, кхидолу зуламаш лелораш хьенан бу, уьш мичхьара схьабевлла? Вай иштта дика, цӏена бусалбанаш хилча, вайна юкъахь вовшашца хьагӏ-гамонаш а хӏунда ю, мостагӏаллаш а хӏунда ду, вайн барт а хӏунда бац? Делах а, кханалерчу Къематдийнах тешаш а, кхоьруш а хилча, вовшийн ӏехош кхерош, ямартлонашца, харцонашца, бусалба дино хьарам дин и дихкинчу некъашца дуьненан хьолана тӏаьхьадевлла хӏунда лела вай? Уьш леладе аьлла ткъа вайга вай орца доьхучу Пайхамара, эвлияаша? Цара Деле муха доьхур ду вай, бусалба дин хьарам динарш дерриг а вай лелош хилча, и зуламхой вай совцош а ца хилча, я совцо гӏерташ а ца хилча?
Дала Къорӏан чохь мосазза а аьлла, шена ӏибадат делаш, вов-| шашна диканиг дан сихлолаш, ша тӏедиллина и ши декхар кхо-1 чушдинарш нийсачу новкъахь хир бу шуна, царех ша къинхе там бийр бу шуна, церан дуьне а, эхарт а декъал хир ду шуна. И ши декхар дика девза вайна. Хьалхара — Аллахӏ воцург кхин Дела цахилар а, Мохьаммад цо ваийтина Пайхамар хиларх а дог цӏенна тешар;