Шайн хьал-бахамах дозалла деш, куралла еш, къен-миска стаг шайл лахара хеташ. Цара ойла йой те Пайхамар, эвлияаш муха баьхна те, аьлла? Шаьш вирд доккхучу Ташу-Хьаьжин, Кунта-Хьаьжин мохк, тӏекӏел дина цӏенош, хӏора дийнахь хуьйцуш керл-керла духарш хилла бохуш хезний те царна? Я уьш бусалба ада-мех ларбеш, герзаца царна гӏарол деш, тӏемалой хилла бохуш хезний те царна? Дала уггар къилахь леринчарех ма ю хьагӏ-гамо, сутаралла, куралла, ямартло, царех ларвала ца веза Делах, Къе-матдийнах тешаш а, кхоьруш волу бусалба стаг?
Бусалба дино ца боху дуьненан даьхни, хьал-бахам ма лаха, дика, хаза духар тӏе ма духа, мерзаниг ма даа, дикачу, хазачу, цӏеначу хӏусмашкахь ма ваха, мелхо а и дерриге а къобалдо цо. Амма и хьал-бахам хьайн хьацарца къа а хьоьгуш, хьаналчу некъашца гулбе, цунах дозалла ма де, кура ма вийла, цунах ӏехалой, Дела а, Эхарт а, Къематде а ма дицде, иза хьайна беллачу Далла хастам бе, цунна тӏера закат, сагӏа ло, гӏийлачарна, миска-чарна гӏо де, боху бусалба дино.
Далла дика хаьа вай дуьйцург, вайн дагахь дерг, вай лелош дерш а. Хьалха цкъа вешан дегнаш а цӏандина, бусалба динехь а нисделла, тӏаккха беха беза Деле къинхетам.
Ша бахкийтина пайхамарш къобал ца беш, цаьргахула Ша кхайкхина дин тӏе ца лоцуш ӏесалле девллачу халкъашна уьш хӏаллакдеш таӏзарш дина Дала. Иштта, цхьана нехан ӏесалла бахьана долуш 1944-шарахь Дала дерриге а халкъана тӏе бала боссийна хилла те, олий, дагадогӏу, ойла йича. Нагахь вай бусал-ба динехь ца нислахь, юха а вайн халкъана тӏе цхьа бала боссо и 50 шо хьалха хилла Аллахӏ хӏинца а волуш хилар хӏунда дицдо те вай?( Кхузахь чекхйолу зорба тоьхна йоьалгӏа кийсак: «Даймохк», 15 июнь 1994 шо, № 23/1995/.)