Оьрсийн а, европейски а «культура» нохчаша «тӏеэцар» дӏадоладелира махках даьккхина вайн халкъ духа Даймахка цӏадирзинчул тӏаьхьа. Юккъера школа чекхъяьккхина кегийрхой республикерчу а, цунна арахьарачу а гӏаланашкахь деша боьлча.
Оцу культурах нохчаша уггар хьалха «схьаоьцург», Добролюбовс ма-аллара, цунна тӏехула ӏуьллу чопа, хьекъале болх а ца бойтуш, дегӏе къа а ца хьоьгуьйтуш «схьаэца» аттаниг дара: оьрсийн мотт бийцар, оьрсийн зударий балор, европейски духар лелор, европейски цӏераш тахкар, вахош долу маларш мийлар, и. дӏ. кх. а. Къаьсттина шуьйра даьржина нохчашлахь берашна европейски къаьмнийн цӏераш тахкар: тхан юьртахь кхо эзар сов вахархо ву. Юьртсоветера книгаш ас теллича, и тайпа 255 цӏе карийра суна. Ткъа луларчу суьйлашлахь цхьа наггахь хеза и тайпа цӏераш. Вай лелочо хӏун дагадоуьйту? Европейцаш Африке баьхкича цаьргахула хезна меттигерчу туземцаша Ганнибал, Наполеон, Бонапарт, Цезарь, кхин, кхин а цӏераш техкинера шайна. Ӏоврат йолу меттиг кӏадинан кийсакца я хьоькхаргаца дӏахьулйой хуьлура церан, ткъа йисина ерриг а меженаш — ерзина. Ткъа коьрта тиллина европейцийн фуражка, кивер я шляпа, логах хьарчийна галстук, пхьаьрсах дихкина сахьт хуьлура.
Цкъацкъа вай оцу туземцех тарло суна.
Нохчийн мотт бийцича, маж-мекх дитича, нохчийн духар ле-лийча, шайн «культура» лахло, и эхь ду моьттурш а бара. Шайн доьзалехь ненан мотт ца бийцича, оьрсийн мотт бийцича, Далла ӏамал ца йича, атеистически къамелаш дича, шайн «культура» лакхайолу моьттурш а бара. Салам ца лурш а, шайга делча, схьа цаоьцурш а бара. Стаг веллачохь, тезета тӏебахча, доӏийна куьйгаш хьалалаца цабаьхьарш а бара. Шайн къамелехь «Дала мукъалахь», «Дела реза хуьлда», «Дала аьтто бойла» аьлла, Делан цӏе яккха цабаьхьарш а бара.