Стага къолаца я нуьцкъашха кхечуьнан даьхний шен дола даьхча, шариӏатан а, муьлххачу пачхьалкхан а законашца, цкъа-делахь, оцу стага долчу дена духадерзо деза и даьхний, шолгӏа-делахь, оцу стагана къола дарна таӏзар дан деза. Ткъа вайна лаьа, долчу дена даьхний юха а ца дерзош, бехкечунна таӏзар а ца деш, оцу шина стагана юккъехь машар хуьлийла. Ткъа иза цхьана а пачхьалкхан законашца а, шариӏатца а нийеа ца догӏу. Шен лачкъийна говр, машина а йигна, шен кетӏахула уьш хоьх-куш лелачу къуьна, лачкъийна етт а бигна, цуьнгара шура а йоккхуш, шен кетӏахула дӏа иза беже а лоьллуш лелачу къуьна къинтӏеравала а, цуьнца машар бан а луур дац цхьана а стагана. Ткъа адамийн барт, машар бан арабевллачу оцу лакхахь бий-цинчу динадайша боху, талорхошкахь нехан, халкъан хьакъ а дуьтуш, вовшашна къинтӏерадовла, цаьрца машар, барт а бар доь-ху. Оцу тӏехь харц лоь уьш.
Къаьст-къаьстинчу адамийн а, дерриг къоман а барт оьшу вай-на тахана. И барт, машар латто декхар долчу ӏедало а, цунна гӏоьнна гӏевттинчу динадайша а, вайх хӏораммо а дицдан ца деза адамийн а, къоман а барт бийриг нийсо хилар. И нийсо яр Дала тӏедиллина вайна. Оцу тӏехь халкъана масал гайта декхар ду уггар хьалха пачхьалкхан куьйгалхойн, динадайн, шаьш цӏена бусалбанаш ду бохуш лелачу нехан а. Уьш дог, ойла, куьйгаш цӏена долуш хилахь, я цхьана дашца аьлча — уьш иманехь хилахь, къоман барт хир бу, адамашна юкъахь нийсо а хир ю, махкахь машар, беркат а хир ду. (Кхузахь чекхйолу зорба тоьхначун йолхалгӏа кийсак: «Даймохк», 27 июль 1994 шо, № 29)
1994-чу шеран июнехь цхьана суьйранна телевиденехула шен къамелехь къоман кхерамазаллин департаментан куьйгалхочо элира, оцу деношкахь шайн мостагӏашна чӏир йоькхуш, цхьацца наха царна тӏехь шаьш кхел еш, иза шаьш кхочушъеш меттигаш хилла, и гӏуллакхаш ӏедало къобалдеш а дац, уьш лелориш ӏедало жоьпе а озор бу.