Иза дар халкъо алапаш луш кхобучу пачхьалкхан орга-нийн, церан белхалойн декхар ду. Тӏе, иза шен мостагӏ велахь а, стаг вен хала ма ду бусалба стагана, иза массаьрга а далур ма дац, къинхетаменаш а ма бу дуккха а.
Иза цхьа агӏо ю. Оццу М. Кузаевс шен статья тӏехь яздо: «Вийна стаг схьавуьйцург хӏоттийна ахча схьа а эцна, бехке во-цург билгалваьккхинера цхьанакъонахчо»/ «Даймохк», 7 июнъ 1994 шо, № 22/10994/. Иштаниг дуьххьара хилла хир дац, тӏаьххьара ца хила а мега. Бехке воцу стаг айкхо къайлах дӏавийцича, чӏирхоша иза вийча, цкъа-делахь, Далла хьалха а, стаг волчарна хьалха а жоьпалла хуьлу иза вийнарш а, айкх а, шолгӏа-делахь, керла мостагӏалла кхоллало, шина а агӏорчеран доь-залшка бохам богӏу, тӏаьхьа-тӏаьхьене дӏабоьдуш.
Иштта меттигаш дуккха а хилла хила тарло. Нагахь зуламан декъашхой масех стаг хиллехь, церан хӏораннан бехк цхьатера ца хуьлу. Цхьаннан я цхьаболчийн дукха, вукхеран кӏезиг хила тарло. Зуламхошна юккъехь хиллехь а, бехке воцург а нисло. Ша шен ларвеш тухуш а, цуьнга ша ца вейта стаг вуьйш меттиг а нисло. Масех тайпана хуьлу зулам: латар, тохар, верваккхар а. Цхьаболчу наха шайн стеган ӏожалла цуьнан шен бехкенна хиллийла хуъушехь, куьг бехкечу стаге а, цуьнан нахе а чӏир кхайкхайо, уьш берриг а юьртах боху. Ткъа шариӏатехь магош дац куьг бехке воцчух бекхам эцар. И санна долу гӏуллакхаш пачхьалкхан органаша талла дезаш а, къасто дезаш а, кхел ян дезаш а ду. Тӏе, нагахь санна вай бусалбанаш делахь, и тайпа гӏуллакхаш Далла хьалха а, нахана хьалха а хотӏе хир доцуш, нийса къасто а, кхел ян а шариӏат ду. Амма пачхьалкхан законаша а, я шариӏато бохург а ца деш, вай вешан лаамехь лела довлахь, бехкенаш маьрша а лелаш, бехке боцчарна таӏзарш а деш, вовшийн мостагӏий а хилла дехар ду вай.
Айкхвалар чӏогӏа эхье гӏуллакх хилла хьалха заманахь вайн дайн. Хӏетахь цуьнан шатайпа бахьанаш дара. Айкха хьалха заманахь — лазутчик, доносчик, кхузаманахь — сексот, доносчик/ олуш хилла тӏеман заманахь нохчийн тӏеман къайленаш кхаьънех мостагӏчунна къайлах юхкуш, ткъа машарен заманахь — паччахьан ӏедална дуьхьал къийсам латто нах, я ӏедална реза боцу нах ӏедале къайллах дӏабуьйцуш леллачу стагах.