Цхьаболчара къоланаш, талораш деш, адамех йохк-эцарш еш, спекуляцеш лелош, ша дуьйш-дерзош, кхуллуш хӏумма а доцуш, цхьа а къам ца дахаделла дуьненахь, вай а дахалур дац. Вай латта лело деза, даьхний кхаба, кхио деза, вайн заводаш, фабрикаш хила еза, вешан къоман могашалла ларъ-ян еза, вешан къомо дӏаяханчу заманахь кхоьллинарг лардан а, тӏехиндерг кхолла а деза. И дерриге а кхочушдан вайн къомана ӏилманчаш, политикаш, дипломаташ, лоьраш, юристаш, инжене-раш, хьехархой, халкъан бахаман говзанчаш, культуран белха-лой, кхиболу лаккхара ӏилма а, корматалла а йолу говзанчашоьшу.
Коьртачарех цхьаъ ду къоман могашалла ларъяр. Махках даьккхинчу кхойтта шарахь хьегначу халонаша, лайначу баланаша а, Даймахка цӏадирзинчул тӏаьхьа ярташ, бахамаш меттахӏитто гӏерташ инзаре дукха къахьегаро а, республикехь белхазалла хилар бахьана долуш итт эзарнаш нах шаьш-шаьш а, доьзалшца а вайн махкал арахьа балха лелаш, цигахь меца а, шийла а, дийнахь-буса а къахьегарна вайн къоман могашалла галъяьлла. Хьалхалерчу ӏедалан статистикаца цамгаршца а, баларшца а, къаьеттина берийн цамгаршца, баларшца а Союзехь хьалхарчу меттигехь дара вайн къам, ткъа могашалла ӏалашъяран учрежденешца а, лоьрийн кадращца а — уггаре тӏаьхьарчу меттигехь. Вайн къомана юкъахь къаьсттина а алсам ю туберкулезан, онкологин, дагца а, зоьрхан а цамгарш.
Кхетамна тӏаьхьадисинчу, дегӏ цомгашчу къоме шен куль-тура, экономика а кхоллалур яц, шен дахаран хьашташ а кхо-чушдалур дац, ткъа цуьнга шен пачхьалкх кхоллалур ю бохург хьехочохь а дац.(«Даймохк» газето зорбатоьхначех тӏаьххьара кийсак ю хӏара. «Дай-охк», 5 август 1994 шо. № 30/11002/. Кхидӏа зорба тохар юкъахдитира распубликехь хӏоьттинчу хьоло а, тӏаккха болабеллачу тӏамо а.)