Ас ишта аьлча, ма-моьттийла, вайн къам хьекъал доцуш, сонта ду, боху. Нохчийн къам хьекъале хиларан тоьшалла ду цунах дуьненна а бевзаш ӏилманчаш, политикаш, пачхьалкхан, тӏеман, культуран деятельш бовлар.
Хьекъална а, кхетамва а юккъехь йоккха башхалла ю. Кӏорггера хьекъал а долуш, амма кхетам лахара болуш нах нис-ло, оцу шайн хьекъалх пайда а оьцуш, уьш ӏилманан некъашца дуьне а, дахар а довза цагӏортарна. Масала, стаг мел хьекъале хиларх цунна бусалба динан кӏоргенаш евзар яц, нагахь цо ӏаьрбийн йоза-дешар, мотт а ӏамийна, тӏаккха Къорӏан, жайнаш а ца дешча. Лор, инженер, архитектор, политикан, пачхьалкхан, тӏеман деятель хир вац стагах, нагахь цо оцу а, кхечу а говзал-лин ӏилма ца ӏамийча.
Вайн къам кхетамна тӏаьхьадисаран цхьадолу бахьанаш цу-нах шех дозуш ца кхолладелла. Уьш кхоьллина паччахьан ӏедало а, советски-коммунистически ӏедалан харцонаша а, иза кхойтта ша-рахь махках даьккхина лелоро а. Уьш дерриг а дийца гӏиртина со лакхахь ас йийцинчу сайн исторически произведенешкахь а, публицистически статьяшкахь а. Амма вешан бохамашна бахьанаш вай ваьшша кхуллу, цхьа-болу бохамаш вайн вешан бехкенна а хуьлу. Я нийсса аьлча, ваьшна и бохамаш хилийта вай дуккха а бахьанаш леладо, гӏалаташ дуьйлуьйту. Шена кхетта цамгар нахана хиъча эхь ду моьттуш, иза къайлаяккха гӏерташ, лоьрашна тӏе ца воьдуш, дар-банаш ца лелош кӏелбуьсуш а, леш а нах хуьлу.
Амма, стаг шен цамгар мел лечкъо гӏертарх а, нахана хаьа, иза цомгаш вуйла. Ишттачу цомгашчу стагах тера ду нохчийн къам а. Вайна ца лаьа вешан сакхташ, гӏалаташ, къинош дийца, царах дӏакъаста, цӏандала гӏорта.
Даима вешан шеконе майралла а, оьздангалла а, доьналла а. дуьйцуш, амма вешан сакхташ, сиркхонаш, къинош а, гӏалаташ а дӏалечкъош, царех цӏандала а ца гӏерташ ӏийча вай имане догӏур дац, вайн къоман барт хир бац, вайн махкахь иман-беркат а хир дац, кхечу къаьмнашна хьалха вайн сий а хир дац.