Тӏамехь цкъа а тоьлларг ца хилла. Муьлхха а тӏом шина а агӏорнаш оьшуш чекхболу. Хӏунда аьлча, оцу тӏамо шина а агӏорхьара адамаш дойу, эзарнаш шерашкахь къомо кхоьлли-нарг хӏаллакдо.
Миллионаш адамаш дойу, заьӏап до. Кӏентий бойъий, къена дай-наной верас воцуш, дай бойъий, кегийн бераш байлахь дуьту. Ярташ, гӏаланаш йохайой, ягайой, адамаш эрна арахь дуьту. Уьш гуш дерш ду. Хенан йохалла бахамаш, ярташ, гӏаланаш меттахӏуьтту, кӏентий белла бисина къена дай-наной дуьненара дӏакхелха, байлахь дисина кегий бераш а кхуьу, адамийн дег-нашна тӏера чевнаш а йоьрзу.
Амма тӏамо адамашна кхин зулам до, бӏешеран дохалла юкъа-ра дӏа ца долуш: цо адамийн синкхетам, оьздангалла, къинхетам, эс, Делах тешар, кхерар а доь, къизалла, ямартло, харцонаш кхул-лу. Хӏетталц, зингат хьаьшна цуьнан са даккха а кхийрина стаг, тӏамехь адамаш дайа ӏема. Дуьххьара ша стаг вийча холча хӏуттий набарза буьйсанаш йойу цо, тӏаккха шиъ-кхоъ, масех вийча оцу къизаллех, акхараллех вулу иза, цунна дош ца хета адам дер. Тӏамо адамашка мацалла хӏоттайо, ша а, шен доьзал а мацалла ца балийта, хӏеттадц нехан хӏуманна тӏе куьг ца кхов-дийна стаг къолана, талораш дан волало. Аьшпаш ботта, ямарт-лонаш, харцонаш лело ӏема.
Къоме беанчу бохамо зоь хӏора адам а, дийнна халкъ а. Цхьа-на агӏор къонахий, турпалхой гучубоху цо. Вукха агӏор — шир-делла дохийначу цӏийнан херцорашна юкъара гучудуьйлу боь-ханигаш, дехкий, шереш, кхийолу зене-зуламе боьха сагалматаш санна, хӏетталц тийна-таьӏна ӏийна ямарт, стешха, сутара, къиза, оьзда доцу адамаш а гучудуьйлу. Къоме беанчу бохамах пайда а оьцуш, цара муьлххачу а хьарамчу некъашца шайна хьал ӏаӏадо. Церан дог ца лозу шайн къомах, иза сийначу цӏарах дагарх а шек ца бовлу.