Цо динарг иза Советийн ӏедална реза волуш а, цуьнан дуьхьа а дацара. И зуламхой бахьана долуш ӏедало халкъана бохам барна кхоьруш, къоман сий лардан гӏерташ дира. Ӏедална хаьара Митаевн дагара. Цундела ӏедало иза хӏаллаквира. Тӏаьххье леца болийра ӏеламнах.
Бехк боцуш ӏедало дукха нах хӏаллакбина вайн 20-30-чуй шерашкахь. Ӏедало хӏаллакбина аьлча, суна а, массарна а уггар хьал-ха Росси, Москва дагайогӏу. Амма цигара схьадогӏу орамаш кхузахь кхочушдийраш вайнах бара. Масала, 30-чу шерашкахь репрессиш еш тхан районан берриге а куьйгалхой нохчий бара. Партин райкоман секретарь, исполкоман председатель, суьдхо, прокурор, милицин начальник, милици, юьртдай, колхозийн пред-седательш, парторгаш.
Цхьана агӏор цара вовшийн, вукху агӏор наха царна тӏе вов-шашна меттанаш кхоьхьуш дукха адамаш хӏаллакдира. Ворхӏе дайшкара схьайогӏу хьаьгӏнаш, гамонаш екха гӏерташ цхьабол-чара, оьздангаллица, хьекъалца, доьналлица шайл тоьлуш верг, шайчул алсам сискал ерг ца везаш, шолгӏачара, ӏедална хьалха диканаш хила гӏерташ, кхоалгӏачара, ӏедало кхерийна, боьалгӏа-чара, иштта дӏа кхин а.
Бехк боцуш адамашна тӏехь репрессеш ерриге а СССР-н пач-хьалкхехь а йинера хӏетахь. Амма нохчашна юккъехь санна боккхачу барамехь ца йина, ӏедалан белхахойн харцонаш ца лалуш, я шайн синош кӏелхьарадаха, я и харцонаш лелочарах бекхам эца шайн кертара бежана, стерчий духкий, герз а оьций, обарг бовлуш нах а бара. Тӏеман хьалхарчу шерашкахь партин райкоман хьалхара секретарь хиллачу цхьаммо ткъех шо хьалха дийцира суна: