И сводкаш бух болуш я боцуш хилар тол-луш, бала болуш цхьа а вацара. Обаргаш бу олий, цхьа а тайпа бехк боцу нах лоьций чубухкура, хенаш тухий, Сибрехь бохуьй-тура. Ткъа герзаца дерг шатайпа гӏуллакх дара. Делахь, сводка-ша дуьйцу герз милицис схьадаьккхинехь, цигахь цхьа склад юьззина герз хир ма ду аьлла, хьажа вахара со. Еккъа цхьа пхоь-азза йолу тиша топ яра цигахь. Иза а ткъозза йоьхкина хиллера милицин хьаькамо. Иза муха хуьлура? Цхьа пекъар кхойкхий щена тӏе а валавой я валавойтий, хьан топ ю аьлла хаам кхаьч-на тхоьга, ахь иза хьайн лаамехь схьа ца лахь, оха вуха ца вогӏучу сийначу Сибрех вохуьйтур ву хьо, бохуш, яц аларх ца вуьтуш, хьийзош хилла. И стаг араваларе ладоьгӏуш кетӏахь лаьттачу милицин хьаькаман тешамечу стага цуьнга хотту, хьаькамо хьоь-га хӏун боху, олий. Вукхо шен къа-бала балхабо. Дера, доьзалх, юьртах, махках а ваьлла Сибрех воьдучул, хьайн даьхний, керт-ков доьхкина а эцна топ дӏаялар гӏоле ю хьуна олий, цунна хье-хар ло юкъарлочо. Керт-ков, даьхний а доьхкина ахча-м тардийр дара ша, юхкуш топ муха, мичхьа карор ю шена аьлла иза холча хӏоьттича, вукхо олу, хьан ахча хилчахьана, юхкуш топ шена карор ю хьуна. Тӏаккха, цо милицехь йолу и топ стагана юхку, эцначо иза милице дӏало. Иштта, оцу некъашца юх-юха а юхкуш, и цхьа топ ткъозза йоьхкинера милицин хьаькамо.