каракалпакаш — 424 эзар.
уйгураш — 263 эзар.
гӏумкий — 282 эзар.
кхарачой, балкхараш, ногӏий, кхиберш а.
Царал совнаха, гӏезалошца цхьа мотт, цхьа дин, цхьа культу-ра а йолуш, дуьненарчу пачхьалкхашна юкъахь сий-лерам а бо-луш, массо а агӏор кхиъна, 50 миллион болчу туркойн пачхьалкх а ю. Хӏетте а, гӏезалой ца гӏоьртира, Россех дӏа а къаьстина, шайн пачхьалкх кхолла. Москвагара шайна дуккха а политически, экономически, юридически, дипломатически бакъонаш а яьхна, Росси чохь севцца уьш. Иза дан къомана хьекъал, кхетам а, собар а оьшу. Ткъа нохчаша тӏе ца лецира, гӏезалошначул тӏех бакъонаш луш, 1992-чу шарахь Россис шайга кховдийна Барт. 1989-чу шеран хьесапашца, СССР чохь бехаш болу нохчий цхьа миллион гергга бара. Дерриг а дуьненахь нохчийн маттаха тера мотт а болуш, гӏиллакхаш, культура а йолуш 274 эзар гӏалгӏа ву /уьш а нохчех дӏакъаьстира/. Нохчийн халкъана тӏе бохам беъча, цкъа а цунна орца ца хилла дуьненарчу цхьана а бусалба а, кериста а халкъера а, пачхьалкхера а. Хӏетте а, шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийра нохчаша! И ӏалашо кхочушъян ницкъ, хьелаш а хилча-м дика дара, амма иза а, важа а ца хилахь...?
Уллохь хьекъал, оьздангалла, къинхетам боцу майралла -иза сонталла ю, иза зуламе, бале, бохаме йолу адамашна, дийнна къомана а. Оцу сонтачу майралло, кхечу къаьмнашна юкъахь хьалхеш яхаро а, вешан къоман дӏадаханарг цахааро а, къоман кханенан ойла ян кхетам цахиларо а дукха бохамаш бина нох-чийн къомана хӏокху тӏаьхьарчу кхаа бӏе шарахь. И кхидолу къаьмнаш а ма дац хӏумма а вайл кӏилло а, сонта а. Цкъа мукъане а и хьалхеш яхар царна а дитина, цара хӏун до хьовса хьекъал а, собар а мацахир ду те вайгахь? Кхаа бӏе шеран дохал-1 ла даима топ-тур кара а лаьцна, майраллица вешан маршо ларъян гӏиртина вай. Майраллица, герзаца боцург кхин некъ а ца лохуш. И маршо яккха а, ларъян а кхин некъаш а ма ду. Амма уьш лаха а, каро а, царех пайда эца а, къоман барт бан а, къоман .; дола дан а хьекъал, кхетам, доьналла долуш политикаш, дипломаташ, ӏилманчаш оьшу. Кӏезиг хиллехь а, иштта нах хилла вайн къоман массо а заманахь. Амма нохчашна цкъа а уьш къасто а, шайна коьрте хӏитто а, церан кара шайн кхоллам бала а, уьш лера а, ларбан а ца хиъна, нийсса аьлча — ца лиъна.