Оцу сакхтечу амало массо а заманахь дукха бохамаш бина вайна.
Вайна дика евза большевикийн истори. Церан ӏалашо яра, юьхьанца Россехь социализм, коммунизм а хӏоттийна, тӏаккха дерриг а дуьненахь социализм, коммунизм а хӏотто. Большевикийн и ӏалашо муха чекхъяьлла, дика хаьа вайна.
Кхечу къаьмнех наха вайн майралла хастийча, боккъалла а ваьшкахь цхьа боккха ницкъ бу моттаделла, нохчийн революци цкъа Къилбаседа-Кавказехь, тӏаккха ерриге а Кавказехь яржо ӏ гӏоьртира цуьнан тхьамданаш. Юьхьанца «революци», тӏаккха ӏ «къоман маршонехьа къийеам» аьлла цӏерш йолуш болабелла чу оцу боламан куьйгалхоша жигара пропагандистски болх бира Кавказан, Поволжьен къаьмнашна юкъахь, шайн идейш яржо гӏерташ. Цхьацца кхайкхамаш бора Грузин, Азербайджанан, Арменин правительствошка а, халкъашка а. Оцу кхаа пачхьалкхан вовшашца а, чоьхьарчу а девнашна, галморзахаллашна юкъагӏертара. Российски импери нохчийн къоман мостагӏ ву бохуш маьхьарий а хьоькхура нохчийн революцин тхьамдаша, ткъа вукха агӏор Закавказехь Россин ӏалашонаш кхочушъян цунна гӏоьнна нохчийн лаамхой а бохуьйтура.
Доцца аьлча, вешан бала боцчу, амма ваьшна зуламе, бохаме, бале девр долчу нехан девнашна юкъа дукха гӏиртина вай, хьал-ха а, хӏинца а гӏерта. Шина лулахочун дов даьлча, мелла а хьекъа-ле кхоалгӏа лулахо, цхьана агӏонгахьа а ваьлла леташ ца хуьлу, царна юкъахь машар бан гӏоьрта.
1991-чу шарахь Гуьржехахь правительствона а, оппозицина а юккъехь дов доладелча ворхӏ партин, боламийн, парламентерчу фракцин а куьйгалхоша Нохч-Гӏалгӏайчоьнан халкъе дехар деш кхайкхам бира. Цара бохура, шайн цигара политически хьелаш граждански тӏом хиларна кхерам болуш чолхе ду. Уыы кхин тӏе а чолхе доху, цига дӏа а богӏуш, питане эладитанаш лелочу вайнехан векалша. Бахархошна юкъахь шуьйра даьржина ха-барш ду гуьржийн ОМОН-на, кхечу герзийн формированешна а юкъахь гӏуллакх деш вайнехан векалш бу, бохуш. Оцу гӏуллакхаша, бӏешерийн дохалла юккъехь гергарлонаш, вовшийн сий-ларам лаьттинчу вайн халкъашна юкъа цатешам, цабезам, мостагӏалла дожорна кхерам кхуллу.