Нохчийн къомана и цхьаболу боха-маш хилла хир бацара, цуьнан кхетам лакхара хиллехьара, цуь-нан коьртехь бусалба динан а, дуьненан а ӏилма хууш, хьекъале, оьзда, доьналле къонахий хиллехьара, уьш къобал беш, халкъ царна тӏаьхьа хӏуттуш хиллехьара. Амма нохчий цкъа а ӏилманна тӏаьхьа ца бовлура, шайн истори хаа а, культура ларъ-ян а ца гӏертара. Церан дахаран коьрта гӏирс массо а заманахь герз дара. Пхийттара ваьлла кӏант герз юкъах а доьхкий дӏахӏуттура, тӏамца, къолашца, талорашца шен сонта майралла гайта гӏертара. Нохчийн халкъан иллешкахь буьйцу турпалхой дукхахберш къуй, талорхой бу. Теркал дехьара, Салойн аренаш-кара говрийн реманаш, даьхний лоьхкуш, гондӏарчу къамнийн элий лечкъош йийсаре балош, банкаш, почташ талош, и. дӏ. кх. а. Юккъехула аьлча, дуьненан массо а къоман, массо а зама-нахь къола дар эхь ду, сагӏа дехар эхь дац. Нохчаша и шиъ нийсса бӏостанехьа даьккхина леладо: къола дар эхь дац, сагӏа дехар эхь ду. Мелхо а, и къуй, талорхой а иллешкахь хестабо нохчаша!