1944-чу шарахь халкъ махках доккхуш 18-20 шо долу кегийр-хой я бусалба динан дешар, я дуьненан дешар дешна а бацара, ткъа хӏетахь ворхӏ класс яккха а ца кхуьуш школера гӏовттийна дӏадигна бераш кхин дӏа деша аьттонаш боцуш дисира. Цкъа-делахь, Казахстанерчу меттигерчу ӏедалан бала а бацара нох-чийн бераша цадешаран, шолгӏа-делахь — мацалло а, халонаша а уьш школах юкъахдехира.
Исторехь зеделла колонизаторшна, я имперски халкъашна, шайн олаллина кӏелхьара къаьмнаш бодане мел ду а царна тӏехь олалла латто а, церан барт ца хилийта а атта хилар. Мацах цхьана китайски хьекъалчо аьлла боху: «Шайна къам хӏаллак-дан лаахь, цуьнан культура хӏаллакье». Цундела, колонизатор-ша шайн олаллина кӏелхьарчу къаьмнашна деша таронаш ца ло. Хӏунда аьлча, цара дешча, уьш кхетаме хир ду, цара шайн истори, мотт, культура ларйийр ю, шайна тӏехь латто харцонаш гур ю, уьш ловр яц, шайн къоман маршонехьа къуьйсур ду. Амма колонизаторшна оьшу оцу къомах дешна нах а, къомана тӏехь шаьш олалла латтош царех пайда эца. Оцу ӏалашонца колони-заторша доьшуьйту шайна муьтӏахь болчу нехан берашка.
Изза ӏалашо яра революци хилале хьалха оьрсийн колони-заторийн а. Тӏаьхьа советски-коммунистически ӏедало иза кхечу кепашкахь кхочушйора.
Цхьа низам долуш, юкъарло а ца юлуш нохчийн бераш деша дуьйладелира махках даьккхина вайн халкъ цӏа а дирзина республика юхаметтахӏоттийча, 60-чу шерашкахь. Хӏетахь дуьй-на схьа ткъе итт шарахь вайн бераша муха дешна а, церан хаа-рийн барам а, республикан школийн болх мича хьелашкахь бара а, ткъе итт шарахь юьртахь юккъерчу школан директор болх бинчу суна дика хаьа. Оьрсийн маттахь а, московски оьрсийн берашна леринчу программашца, учебникашца ӏамош долчу нох-чийн берех 90 % оцу программашца шаыш ӏамочух ца кхеташ чекхдовлура юккъерчу школера. Царна, ур-атталла, я нохчийн а, я оьрсийн а меттанашкахь нийса деша а, нийса яздан а ца хаьара. Ткъа мотт ца хиъча, царна кхидолу ӏилманаш ӏемар ду бо-хург хьехочохь а дацара.