Хӏетахь кхиира вайн ӏилманчаш, яздархой, актераш, художни-каш, иллиалархой, спортсменаш, инженераш, лоьраш, хьехархой, кхиболу говзанчаш а.
Ткъа бусалба динан ӏилма ӏамор 30-чу шерашкахь советс-ки-коммунистически ӏедало дӏакъевлира. Бусалба дин ша къас-тийна ца дира иза ӏедало. Массо а динан килсаш, синагогаш, храмаш, монастыраш, динан семинареш дӏакъевлира. Массо а динан ӏеламнах санна, хӏетталц мелла а кӏорггера бусалба динан ӏилма хууш болу нохчийн ӏеламнах лоьцуш, бойуш хӏаллакбира. Хӏетахьлерчу таӏзаршна кӏел цанисбелларш халкъ махках даьк-кхинчу шерашкахь Казахстанехь а, ткъа дийна бисинарш тӏаьхьа халкъ Даймахка цӏадирзинчул тӏаьхьа дуьненара дӏакхелхира. Амма царел тӏаьхьа тӏекхиъна тӏаьхье бусалба дешарехьа ойла йолуш яцара. Ала тарло: и ойла йолчеран а бусалба дешар ӏамо хӏетахь таронаш ца хилла. Боккъалла а, даггара а бусалба динан ӏилма ӏамо луучарна мелла а и таронаш яра оцу заманахь а. Ташкентехь исламан институт, ткъа со гал вацахь, Самаркан-дехь юккъера дешаран хьуьжар а яра. Царел сов, Союзехь масех институт яра малхбалерчу халкъийн меттанаш ӏамош — Моск-вахь, Ленинградехь, Бакох, Ташкентехь и. дӏ. кх. а. Цигахь бу-салба динан ӏилма ца ӏамадора, амма ӏаьрбийн мотт ӏамабора. Ткъа ӏаьрбийн мотт хуучунна яккхий таронаш хуьлура бусалба динан ӏилма ӏамо а. Оцу некъашца бусалба динан ӏилма ӏамийна бӏеннаш ӏеламнах бу Дегӏастанахь.
Амма цхьа наггахь верг ца вагарвича, нохчийн кегийрхош-на ца лаьара Ташкентехь, Самаркандехь бусалба дешар ӏамо а, я вукха институташкахь ӏаьрбийн мотт ӏамо а деша баха. Вайн кегийрхой цхьана а ӏилманан кӏорге ца гӏертара. Уьш, олуш ма-хиллара, «аьрру агӏора», тӏе пайда богӏучу гӏертара: юрис-тийн, милицин, гӏишлошъярхойн, махлелоран, экономистийн, фи-нансийн, партийни а белхийн дешарш деша. Ӏилманан белхаш бан луурш кӏезиг бара. Республикан ӏилманан-талламан инсти-тутехь болх бан луурш кӏезиг хуьлура, цигахь алапа кӏезиг ду, «аьрру агӏора» тӏе бан пайда бац, бохуш. Цундела, дукхахболу ӏилманчаш ВУЗ-ашка а, техникумашка а балха боьлхура.