Дицдан ца деза, Германица тӏом дӏабоьдуш, фронтехь хӏора салти оьшучу хенахь, Нохчийчу 150 эзар салти а валийна, шина сохьтехь шайн ярташкара ара а даьккхина, ялх дийнахь вагонаш тӏе а доьттина, нохчийн халкъ махках даккхар. Махках даьккхина халкъ нийсса ах мацалла, цамгарех хӏаллакьхилар. Даймахке сатуьйсуш цигахь вай текхна кхойтта шо хан. Иза дицделларг, эсах ваьлла ву. Цундела, вай Россица девнах, тӏамах лардала деза, вай машар лаха беза цуьн-ца а, лулахошца а, массо пачхьалкхашца а, массо къаьмнашца а.
Оццу М. Кузаевс яздина: «Россин эскарш чудогӏу аьлла, дозане дахара тхо, — дуьйцура цхьана жимачу стага. — Танкаш гучуйовллушехь бевдира «мерседесаш» тӏехь берш. Тхо миска-наш дисира дозанехь латта». / «Даймохк», 7 июнъ 1994 шо. № 22/10994/.
Оцу масало гойту, Дала тӏе ма доуьйтийла иза, нагахь санна тӏом хилахь, таронаш ерш бевдда кӏелхьарабевр бу, ткъа миска-наш хӏаллакьхир бу...
Россис пачхьалкхан тӏегӏанехь дуьнене а дӏакхайкхийна,-муьлххачу а махкахь оьрсийн къомах болчу нехан бакъонаш эшаяхь, царна ницкъ бахь, ша могуьйтур дац, аьлла. Цуьнан ницкъ бу и шен дош кхочушдан. Цо харц-бакъ къестор дац, шен ницкъ хиларе терра, и бахьана а хӏоттийна, цо агресси йийр ю муьлхха-чу а махка. И политика цо дӏакхоьхьу хӏокху тӏаьхьарчу масех бӏе шарахь. Ткъа вешан цӏахь, вешан махкахь дехаш долу вай вовшийн харцонех, зуламех лардан барт а, ницкъ а боцчу вай арахьарчу ницкъах вешан мохк, халкъ а, кхечу пачхьалкхашкахь бехаш болу нохчий а муха ларбийр бу?