Нохчийчохь йолах болх бина ма-сех оьрси схьа а лаьцна, кхузахь лай-долалла ду бохуш, дуьнене а дӏакхайкхадо. Нохчийн къам сийсаздархьама, цунах цатешам а, цуьнга цабезам а кхоллархьама. «Цӏе йоцчохь кӏур ца болу», -бохуш, кица ду вайн. Цӏа-цӏе доцуш бевлла лелачу оьрсашка дуу-чух-молучух нохчаша болх бойту бохуш, хабарш ду вайна юкъахь лелаш. Москвахь нохчийн къомах масех рекетер ву бохуш а дуьйцу. Царех «нохчийн масри» аьлла кхайкхадо цигарчу ӏедало. Иштта вайн къомана тӏе эладита кхолла бахьанаш дуьйлуьйту цхьаццаболчу нохчаша. Тӏаккха вайн къам ца дезачара, и кӏезиг бахьана стамдой, дестадой, дуьненахула даржадо. И бахьанаш ваьшкара дийлийта ца дезара вай, вайн къоман сий бехдо нах совцо гӏорта безара церан гергарнаш, ӏедал, динадай, массо нохчо а.
Делах, Къематдийнах тешаш, кхоьруш, бусалба динехь нис-деллачу адамийн барт ца хуьлийла, уьш къинхетаме ца хуьлий-ла дац. Дала Къорӏан чохь аьлла адамашка: вовшашца дика, бертахь хилалаш, шайн дегнаш чохь хьагӏ-гамонаш, оьгӏазло ма лелаелаш, доцург тӏекхуллуш вовшийн сийсаз ма делаш, вовшаш-на ямартлонаш, харцонаш, хьарамлонаш ма елаш, дог цӏена, къин-хетаме хилалаш, вовшашна диканиг дан, сагӏа дала сихлолаш. ТТТа шайна дуьненан хьал-бахам белча кура ма до аш влал , къен-мискалла, бала белча собаре хилалаш, иза а, важа а, дерриге а Шегара дуйла хаалаш, Шена хастам белаш.
Дала бусалба адамашна тӏедехкина и декхарш массо а нохчочо кхочушдеш делахьара, я цхьана дашца аьлча — вай Делах, Къематдийнах тешаш а, кхоьруш а делахьара, вайн къоман барт а хир бара, вайн махкахь иман-беркат а хир дара, кхечу къаьм-нашна хьалха вайн сий-лерам а хир бара.
Барт боцу доьзал, вовшийн сий деш боцу доьзал, къуй, малар-чаш, мунефикъаш, муьлхха а зуламхо юкъахь волу доьзал лула-хошна а, юьртахошна а, ур-атталла, цуьнан гергарчарна а ца беза. Вай иманехь ца нисделча вовшашца а, дерриге къоман а барт хир бац, вай цкъа а вешан мехкан дай хир дац, вайн махкахь беркат хир дац, кхечу къаьмнашна хьалха цкъа а вайн къоман сий а хир дац.