Хӏокху дуьненара дерриг адамаш -кӏайн, ӏаьржа, можа а беснашкахь, тайп-тайпана меттанаш, гӏиллакхаш, амалш йолуш, масех динехь долу дерриге а адамаш вовшашца девнаш деш, тӏемаш беш, ницкъаш беш, мостагӏий хил-ла даха ца кхоьллина Дала. Бертахь, машаре даха кхоьллина. Къаьсттина а бусалба адамашна тӏедехкина и декхарш, цхьа ве-жарий хилалаш, аьлла.
Вайна уггар хьалха вешан къоман барт оьшу, шолгӏа — лу-ларчу, генарчу къаьмнашца барт, гергарло, доттагӏалла оьшу. Уьш а, кхидерш а нислур ду, нагахь санна вайх хӏора а бусалба ди-нехь нислахь, вай Делах а, кхана ваьшна тӏедогӏур долчу Къе-матдийнах а кхерахь.
Масех бутт хьалха, къурайшин тайпанан а, эвлаяийн цӏийнан а тӏаьхьенийн нахах а, динадайх а цхьаьнакхетта цхьа тоба арае-лира адамашка вовшашна къинтӏера довларе, машаре, маслаӏате, барте, Дала бусалбанашна тӏедехкина декхарш кхочушдаре кхой-кхуш. Оцу сийлахьчу новкъахь церан мел кхиамаш хилира ца хаьа суна, амма цара схьалаьцнарг Дела реза хир волуш, тахана нохчийн къомана оьшу некъ бара.
Телевиденехула царех цхьаболчийн къамелашка ладоьгӏуш цара уггар коьртаниг хьахош ца хезира суна: адамашна юккъехь нийсо яр. Адамийн барт а, машар а бийриг нийсо ю, ткъа нийсо йоцчохь, харцо, ямартло лелачохь адамийн цкъа а барт, машар ца хуьлу. Нагахь санна хилахь а, цуьнан оьмар гена ца йоьду. Ницкъ болчу цхьа кӏеззигчу наха халкъан рицкъа, хьал шайн долалле а хьийзош, гӏийлачийн, къен-мискачийн, боберийн, заьӏапхойн хьакъ а дууш, царна ницкъаш бечу, уьш ӏазапехь баллочу къоман барт хуьлийла дац.